Нагахь цунах кхачам ца хилахь а аьлла, кхин а цхьа козар йукъайаьккхира мозгӏаро. Туркой вайн ворхӏе дайшкахь дуьйна схьа оьрсийн а, берриг керстанийн а мостагӏий бу, элира цо. Тӏаккха Инжилна[13] тӏера дустарш далийра. Доцца аьлча, и туркой хилира каннибалаш. Уьш вайн мохк дӏалаца, вай лолле дохка, вай бусалба дине дерзо гӏерта, бохура цо. Изза хилла, бохура, Балканехь бехачу вайца цхьана цӏийх а, цхьана динехь а болчу вежарех. Бакъ динах къаьстина, церан харц дине берза ца луу вайн вежарий-славянаш гӏевттина оцу йовсаршна дуьхьал. Тахана церан цӏий ӏенадо туркоша. Оцу адамалла доцчу, Дела воцчу туркошна гӏо дан гӏевттина хӏара акха нохчий а. Тахана нохчашна дуьхьал гӏеттинчо гӏо до килсана, керста динна, генарчу вайн вежаршна а. Карочо – герз караэца, герз ца карийнарг – дагарца, шаданца, хьокханца гӏатта, стен а, боьрша а, жима а, воккха а. Кхеравелла, воьхна йухаваьллачун нохчаша чуьйраш хоьцур йу, тӏе, кханалерчу эхартан дийнахь Дала бекхам а оьцур бу цунах, жоьжахатин цӏергахь, чим беш, вагор ву иза эзарнаш шерашкахь…
Наха ладоьгӏура. Божарша даккхий синош дохура, зударийн белхарш лелхара. Схьахетарехь, царах лаххара а ах тийшира бугӏанечу мозгӏаран акхачу хьехамех.
1877-чу шеран 30-гӏа май
Хӏара Кавказ а, кхузара адамаш а дуьйцура зорбанехь кху махкахь хиллачу некъахоший, тӏаьхьа тӏемашкахь дакъалаьцначу эпсарший. Амма цара цхьаболчара хӏитточу суьрташкахь хӏара мохк дуьненан йалсамани йара, ткъа цу чохь дехарш – акха адамаш.
ТІаьхьо кху мехкан важа агӏо схьайиллира вайна Пушкина, Лермонтовс, Бестужев-Марлинскийс, Толстойс, Добролюбовс, кхин дукхаммо а. Цара дуьненна а хаийтира хӏокху буьрсачу лаьмнашкахь исбаьхьчу ӏаламехь деха адамаш, и шайн мохк санна, буьрса а, исбаьхьа а хилар. Церан буьрсалла – майралла а, къонахалла а, маршоне безам а – гайтира цара, ткъа дегнийн исбаьхьалла – адамалла, оьздангалла, тешам.
Оцу сийлахьчу йаздархойн произведенеш мел йешначо сатуьйсура хӏара мохк, кхузара адамаш ган. Ткъа оьрсийн халкъан маршонехьа къийсаман кӏентийн бӏаьрг бузура ламанхойн маршонехьа турпалчу къийсамах, сатуьйсура церан байракхна кӏел хӏитта, церан