кхайкхамех а, хьехамех а.
Шемална кхин а цхьаъ хаьара дика. Дегӏастанахь цуьнан шен гӏоьнца паччахьан инарлаша вохийна, экханна санна, тӏаьхьатоллуш эккхийна ша ведда кху Нохчийчу веача, хӏокху нохчийн гӏоьнца кху лаьмнийн буьрса да хилла ша дӏахӏоьттина хилар а, цара ша дӏатесначу дийнахь шен седа чубузург хилар а, тӏаккха маситта шарахь ша хала къахьоьгуш, дуккха а хенахь шен инзаре боккха ницкъ, хьекъал, майралла а дӏалуш, хеназа къанлуш хӏоттийна, шел тӏаьхьа кӏантана Гӏеза-Махьмина йита сатуьйсу хӏара имамат а хаьрцина тӏекӏелйериг хилар а…
Цундела, цкъа ша Нохчийчохь а, Дегӏастанахь а ондда когаш тӏехь ирахӏотталц, имамо Нохчийчохь леррина ларйора нохчийн тӏеман-демократин принципаш, муьлхха а церан лаам цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш кхочуш а бора. Амма оццу хенахь, ӏаламат собаре, генна хьалха хьоьжуш, тӏаьхьало йолуш, и халкъ гӏиллакхех дохо, цуьнан политически цхьаалла а, барт а бохийна, цунах шен буйнахь бӏаьрзе герз дан ойла йолуш схьалаьцна некъ а бара цуьнан. И ӏалашо а, сатийсамаш а кхочушбан, уггар хьалха, хӏокху халкъан корта баккха безара, хӏокхуьнан барт а, цхьаалла а йохо а йезара, хӏара чӏоггӏа шена тӏедехка дезара. Цхьа масех шо даьлча, ша Нохчийчохь а, Дегӏастанахь а ший а ког хӏоьттина, чІагӏвелча, ӏедал, кӏезиг-кӏезиг дерзош, шен карадерзо вуьйлира иза. Оцу шерашкахь тӏамехь бойъуш, шеконе ӏожаллех леш а, малхбузе ламанхошна йукъабохуьйтуш а дӏабевлира нохчийн майра, хьекъале баьччанаш а, ӏеламчаш а. ТІаккха хӏетталц нохчаша шаьш хоржуш хилла наибаш ша хӏитто вуьйлира Шемал. Шена муьтӏахь хинберш. Амма царах а ца тешара. Хӏор а нохчийн наибна улло шен шишша эмиссар йа, нийсса аьлча, шпионаш хӏиттабора. Иза а кӏезиг хетта, масех шо хьалха ша Дегӏастанара эккхийна шен махкахой кхуза а кхалхош, нохчийн йарташка охьаховшийра. Цунах а тоам ца бира. Нохчийн берриг бахархой итт-итт доьзалшка а бекъна, хӏоранна коьрте шена тешаме нах хӏиттийра. Хӏор а итт доьзал декхар бира вовшашна тӏехь тергам латто а, вовшех Шемалан ӏедална дуьхьал долу цхьа хӏума далахь, иза сихха имаме дӏахаийта а. Йа, вуьшта аьлча, вовшашна айкхбийла. Нагахь бехке верг цара лачкъавахь, итте