доьзална луьра таІзар дора. Нохчийн хьуьжарш а ца тешийра церан молланех. Цигахь хьеха а Дегӏастанара молланаш балийра.
Шемалан къизалла тӏехйаьлча, цунна дуьхьалгӏитта йуьйлира нохчийн йарташ, амма уьш къиза хьоьшура имамо.
Тӏеман тӏаьххьарчу итт шарахь Сциллиний, Харибдиний йуккъе нисбелира нохчий. Шемалан деспотизмна кӏел совца а ца лууш, йа вайн герзана къарбала а ца лууш, цкъа – цхьанна, тӏаккха – вукхунна дуьхьало йеш, оцу итт шарахь дукха хӏаллакьхилира уьш.
Оцу бехачу тӏамехь Шемала йа йохоза, йа кхалхоза цхьа а йурт ца йисина нохчийн.
Шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа хаддаза кхузткъе пхийтта шарахь лаьттинчу тӏамо шен хьекъалечу баьччанех а, майрачу тӏемалойх а хадийра и халкъ. Вай ах мохк дӏа а баьккхина, йуькъачу хьаннашкий, дерзинчу тӏулган лаьмнашкий таІийра иза. Цул сов, вайн правительствос цхьана агӏор ницкъ тӏетеӏош, тешнабехкца, ткъа вукху агӏор туркойн правительствос ӏехош, ткъа эзар стаг Турце а кхалхийра. Ткъа даймахкахь бисинчара догдиллира шайн хьалхалерчу ницкъах а, бартах а, цхьааллех а.
И эрчаллаш лайначу халкъан доккхачу декъан ойла тӏаьхьа Далла тӏейоьрзу. Дала ца лахь, шайна маршо йала кхин ницкъ бац олий, совцу. Ткъа хьалхалерчу халкъ маршонехьа къийсаме дуьгуш хиллачу майрачу, хьекъалечу, оьздачу баьччанийн меттиг стешхачу хьолахоша дӏалоцу. Уьш кӏез-кӏезиг оцу халкъан майралла, цуьнан хьекъал артдан, маршонехьа безам байъа, хӏокху нохчех ӏазапний, харцонний муьтӏахь лайш бан гӏерта. И некъ нийса богӏу вайн правительствон политикица. Цундела динан дайн ши аьтто хуьлу: шайн бодане халкъ дацо а, правительствона хьалха дикачу цІарла хила а.
Амма дукхахболчарна маршонах догдилла лаац. Уьш даим а тешна бу маршо къийсамехь бен йаккхалург цахиларх.
Нохчашкарчу лаьттан къоьллина тӏера дӏадолало уьш гӏалгӏазкхех бозуш хилар а, оцу тӏехь кхоллало церан вовшашка цабезам а, мостагӏалла а. Тӏеман шерашкахь а, иза дӏабаьллачул тӏаьхьа а церан махка тӏе ткъех станица а, оццул тӏеман чӏагӏонаш а йехкина. Оцу къоман экономически а, социальни а хьелаш теллинчу вайн историкаша диначу хьесапашца, йеккъачу цхьана Соьлжан отделехь, цигара нохчийн