дуьхьалйевлира ӏаьлбагна – цигарчу таронаш йолчу нехан аьтто хилира хӏетталц гӏовттамхошкахьа хиллачу нахах дукхахберш совцо а, важа ах ӏаьлбагна дуьхьалбаха а. Оцу гӏуллакхна коьртехь вара хӏинца а туркойн тӏамехь волчу гендарганойн Момин Хьотин ваша Гати-Хьаьжа а, церан шичой-маьхчой а. И зуламхойн бен орамца бухбаккха аьлла, ӏаьлбага цига хьажийна Къосам а, Нурхьаьжа а, и йарташ шайна тӏе ца йерзайеллехь а, амма йеххачу хенахь корта ойъур боцуш, дӏа а тейина, цӏа вирзира.
Тӏаьхьа кхин а хааделлера царна: Чеччалхехь адам карзахдаьккхинарг молла Хайрулла хилар. Амма, лен ваьккхича, Хайруллас дуйнаш кхийлира, оцу гӏуллакхна ша бехке вац, ша дагца а, ойланца а ӏаьлбагехьа а ву бохуш.
Хӏетахь, йуьртан молла волчуьра дӏа а ваьккхина, кхин таӏзар ца деш витинера иза ӏаьлбага. Цул тӏаьхьа цхьана йукъана дӏатийна Хайрулла хӏокху тӏаьххьарчу хенахь, йуьртара араволий, цхьанна а мича вахана ца хууш, масех де доккхий, цӏа воьрзура. Къосамгӏарна хезнера, иза цкъа-шозза Чири-Юьртахь Хьамза-Хьаьжа волчохь а, Гати-Юьртахь а, Шелахь а хилла бохуш. Амма хӏетахь цуьнан леламийн дуьхе кхиа ца гӏоьртира уьш…
– Хьайца маса стаг вуьгу ахь? – хаьттира Къосама.
– Бекъна бига нах вайшиннан-м ма бац. Ӏаьлбаге гӏо дехча?
– Цо мичара ло иза! Цул, тховссехь геланчаш а бахийтина, гонахарчу йарташкара вешан нах схьагулбича?
– Кхуьур дуй-те? Хӏара буьйса пхьид эккхал а йац.
– Цхьацца бӏе стаг а ца хилча, ледаро-м хир ду гӏуллакх.
– Наха дуьхьалойарна-м ца кхоьру хьо?
– Хӏан-хӏа. Вайца нах кӏезиг хилча, вайн гӏуллакхах тешам бов нехан.
– Цхьацца бӏе стаг хилла ӏийр вац вайн. Кхузахь шовзткъа стаг вуй? Даьттахарчу Эзархана шен ах бӏе стаг ву, боху, кийчча. Зандакъ-Арарчу Шоӏипа а, Гендарганарчу Дауда а оц-оццул нах хуьлуьйту. Зандакъара а, Симсарара а, Байтаркера а хир бу.
– Гуттар а тӏех хилахь, пхи бӏе стаг нисло-кх.
– Иза-м кӏезиг ницкъ а бац. Оццул нахаца-м вай Майртуьпана уллохь кхо эзар салти эшийра. Цаьрца бархӏ йоккха топ а йоллушехь.
– И ша дара.
– Хӏунда?
– Хӏетахь ӏедал ларлора, вайн ницкъ ца хууш. Хӏинца хаьа. Хӏор а йуьртахь шайн йаккхий гӏортораш йуйла хаьа. Тӏе, цул тІаьхьа, хьекхийна, ницкъах а даьхна вай.