Къосама йуха а куьг ластийра. Цунна ца лаьара кхолламан кӏорге гӏерта.
– Дитал уьш. Даим дӏа чӏеӏаш ву-кх хьо. Цул, цкъа вайшиъ новкъа валале, и пондаран дечиг кара а эций, цхьа мукъам бехьа. Ден-ненан цхьа волу цхьа кӏант мостагӏех леташ валар дуьйцуш.
Чучча тесна ши куьг коьрта кӏел дуьллуш аркъал а ваьлла, ладогӏа кечвелира Къосам.
Пенаца хӏоттийна лаьтта бӏаран дечигах бина пондар кара а эцна, лохха мукъам болийра Нурхьаьжас.
…Цхьа волу цхьа кӏант кхиънера ден-ненан. Дукхавезара царна иза, йоӏбӏаьрг санна, Іалашвора цара иза. Духар хазаниг оьцура, тоьлла дин, тоьлла герзаш латтадора. Цкъа, йуьртара шен нийсархой лаьмнашка сакъера боьлхуш, цаьрца ваха лиира кӏантана. Дега-нене дехар дира цо:
Вахийта, нана, со бухь сирачу лаьмнашка,
Шийлачу шовданах сайн кийра ӏабо,
Ӏуьйранна дашо малх ламанца гӏоттуш,
Мархашлахь, нека деш, къона бутт лелаш,
Беттаса дӏадуьжуш, цаьрга бӏаьрг тоха.
Вахийта, дада, со ламанан хьаннашка,
Ган лаьа лун кӏорнеш тархашца ловзуш,
Ладогӏа, сира сай гӏелашна ӏоьхуш,
Мацалла гила борз суьйранна угӏуш,
Майра лом ӏуьйранна хьаннашкахь гӏергӏаш…
Амма дас-нанас пурба ца делира цунна. Уьш кхоьрура цхьа волу цхьа кӏант лаьмнашкахь валарна. Цхьа хан йаьлча, нийсархой лаьмнашка экханна талла баха кечбелча а, дехаре веара кӏант шен да-нана долчу.
– Вахийта, нана, со лаьмнашка кхарста,
Ижуна гӏеттинчу экханна талла,
Лечанан буйнара кӏайн кхокха баккха,
Цу берзан багара лун кӀорни йаккха,
Иччархойн къизаллех акхарой лардан…
Вахийта, дада, со лаьмнашка кхарста,
Гӏорасиз акхарой нуьцкъалчех лардан,
Цу лаьмнийн басешкахь зезагаш хьеста,
Дерриге дуьне а машаре кхойкхуш,
Сайн иллин озаца харцо дӏайаккха.
Ца лиира дена-нанна кӏант лаьмнашка вахийта. Кхоьрура иза лекхачу тарха тӏера чувожарна, дерачу хе, такхийна, иза хӏаллакварна, сутарчу экхано варарна.
«Ваха пурба дац хьуна», – элира дас-нанас.
Дукха хан йалале, ирча кхаъ беара лаьмнашка. Даймехкан латта хьоьшура хийрачу мостагӏаша. Йарташ йагош, зударий, бераш лолле дӏалоьхкуш. Мостагӏех лата баха кечбелира йуьртара нийсархой. Тӏаккха дена-нанна хьалхахӏоьттира цхьаъ бен воцу кӏант: