ала. Амма и чІагӏо сихха маллора. Тохтарханна хӏун пайда хилла ден вешера? Цуьнан шортта латта а, даьхний а ду. Дика, даккхий цӏенош а, ахча а ду. Ткъа Тохтарха, кхиберш санна, къехо ву. Латта а дац, даьхний а дац. Чордачу машин хечано, гӏордаз хьекхча санна, хенан маьӏигаш йаьшна лела. Атталла, гирда хьаьжкӏаш-м ца йелла, вешин кӏентан доьзал кертахь буьртиг йалта а доцуш бисарх…
Йуха а хийцало ойла. Хайрулла ден ваша ма ву цуьнан. ТІе, молла а ма ву иза…
Молла велахь а, йамарт, стешха стаг ву-кх иза…
Регӏарчу хьуьн чу боьлча, севцира хӏорш. Шен ойланех самаваьлла Тохтарха дӏасахьаьжира. Гуш хӏумма а дац. Йуькъа, къена хьун. БІаьрга ӏоьттина пӀелг гур боцуш ӏаьржа бода. Хьалахьаьжча, атталла стигалахь гуш седа а бац.
– Схьадийцал, – хезира цунна Нурхьаьжин паргӏат аз.
– Ас дуьйцу дерг шуна а хаьа. Кхин дийца хӏумма а дац сан.
– Сой, Къосаммий лаца салтий бахкийта аьлла, вохуьйтуш варий хьо Хайруллас?
– Вара.
– Кхин хьалха-тӏаьхьа даьллий цуьнгара ишттаниг?
– Хаац.
Варзап санна, шен деза куьг Тохтарханан белша тӏе диллира Нурхьаьжас.
– Дийцац ахь?
– Сан дийца хӏумма а дац. Шу санна, цхьа миска ву-кх со а. Ден вашас хьажийначу ца вахча, волурий со?
– Ой, цо эккха аьлча, бердах а оьккхур вара хьо?
– Ахь дийр дацара… хьайн ден вашас аьлларг?..
– Иза нахана зуламе дацахь-м, дийр дара. Амма йамарт, зуламе хӏума-м дийр дацара, иза кхаахьашха ваьтӀча а. Хьан ден ваша Хайрулла суна а, хьуна а, вай санначу пекъаршна а тӏехь ницкъ бечу ӏедалехьа ваьлла. Иза халкъан мостагӏ ву. Тховса оха хьо схьа ца лаьцнехь, кхана Іуьйранна сой, Къосаммий лаьцна вуьгур вара. Вигна а ца вуьтуш, ирхъуллур вара. Хьенан бехкенна? Хьан бехкенна. Хӏинца тхан карахь ву хьо. Тхойша вейта хьо араваьккхина Хайрулла а, араваьлла хьо а верах, тхох цӏий летар дац. Охашимма, адамана хӏун ду ца хоуьйтуш, вуьйр ву хьо. ТІаккха цӏахь къена нана а, жима диъ бер, зуда а дуьсу хьан. Стенан дуьхьа вала воллу хьо?
Тохтарханан коьртехь ойланийн уьйриг хьийза. Ӏожаллех-м ца кхоьрура иза. Иштта-м кӏиллойх а ма вац Тохтарха. Амма, валлал велча, цхьана ӏалашонан дуьхьа вала ма веза. Хӏорш санна. Цуьнан ден вешин Хайруллин а йу цхьа ӏалашо. Шен хьал лардан, иза кхин тӏе а