стамдан. ХІокхара а шайн маршонехьа, нийсонехьа къуьйсу. Ткъа хӏинца, дӏа ойла йича, Тохтарханна хаац, ша хӏокху новкъа стенна ваьлла. Ден ваша кӏелхьара а воккхуш, хӏара велча, ден вашас хӏокхуьнан доьзал кхобур бу бохург аьттехьа а ма дац. Амма ша бахьанехь ден ваша хӏаллаквойла а дац. Да а, ден ваша а цхьаъ ма ву.
– Сан дийца хӏумма а дац, – элира цо гӏийло.
Нурхьаьжас эндаже дӏатеттира иза…
– Дӏа генайала, кӏилло! Хьо котам а йийна, куьйгаш бехдан ца лаьа суна. Адамийн а, Делан а неӏалтах ма волийла хьо!
Воьхна, ша волччохь вогӏавелла лаьтта Тохтарха а витна, дӏаволавелира Нурхьаьжа а, Дадаш а. Амма, и шиъ ткъех гӏулч гена а валале, саметта веара Тохтарха.
– Нурхьаьжа! Дадаш! – мохь туьйхира цо. – Собардейша!
Тохтархана дӏадийцира шена хуург дерриг а…