– Лаа?
– Вайн йукъаметтигах цхьа йист йаккха.
– И хӏун меттиг йу?
– Со шуна тӏегӏерта, шу – дӏагӏерта. Хӏун ду вайна йукъадоьлларг?
Къайсар цкъа гӏадвахана велавелира, амма Овхьадан даим дикаллех буьзна хуьлу бӏаьргаш, цӏе санна, богуш гича, забар йита йезийла хиира цунна.
– Хьо-м хьо вара, ткъа «тхо» муьлш ду? – хаьттира Къайсара.
– Хӏара Гати-Юрт йерриг йу-кх, цхьа иттех цӏа доцург.
– Хьуна ца хаьа?
– Суна-м хаьа. Шайл жимма а хьоле, гӏоле верг аш шайн мостагӏ лору-кх.
– Къуьнан куй богу бохучу тӏе догӏу-кх ахь дуьйцург. Вуьзнарг мецачун, ницкъ берг гӏорасизчун доттагӏ хилла вац бохуш, дуьйцу хезний хьуна? Ахь дуьйцучу иттех цӏийнан шортта мохк, даьхний ду. Ӏедал цаьргахьа ду. Мацалла, къоьлла тхоьгахь йу. Ӏедална децаш, текхамаш беш а тхо ду. Сибрех а тхо хьийсадо. Хьуна хаа ма деза, Овхьад, хьайн ден бахам муха ӏаьӏна. Паччахьан ӏедало хьайн да а, цуьнан да а хӏунда хьаьстина. Вукху бисинчийн бахам мичара баьлла. Нехан мохк ма бу ӏедало церан дола баьккхинарг. Кху йуьртарчу шина бӏе доьзалан латта кӏезиг ма ду оцу ахь буьйцучу иттех доьзалачул. Хӏетте а боху ахь, тхо шайна хӏунда ца хьестало, хӏунда ца къежа, мара хӏунда ца деттало.
Овхьад, хьала а гӏеттина, цкъа-шозза чухула дӏаса а волавелла, Къайсарна тӏе а кхевдина, дӏахӏоьттира.
– КІордийна, сих-похах чекхбаьлла суна и бахам! – мохь туьйхира цо. – Цара йен кураллаш а, аш йен Іиттарш а! Со мича гуьнахь ву дас а, дендас а лелийначунна? Ас Буритӏахь дешна бохуш, со хьалдолчу ден кӏант ву бохуш, аш дӏатетта-м ца веза? Шаьш вовшахдеттарг суна ца хууш санна!
Цецваьллачу Къайсаран бӏаьргаш, къаьрзина, хье тӏе бевлира.
– Ахь хӏун элира?
– Шу тахана-кхана ӏедална дуьхьал гӏовтта кечам бина Іаш хилар сайна хаьа, боху-кх!
Хьалаиккхина Къайсар оьгӏазе тӏеволавелира цунна:
– Кхерам туьйсу ахь? Чехкка мотт эций гӏо! Мидал лур йу хьуна! Хьан дена а, дендена а санна! Шу-м мотт тоха, халкъана йамарт хила ӏамийний цигахь.
Оьгӏазвахана, кӏайвеллачу Овхьада хала сатуьйхира.
– «Мотт эций гӏо!» Сол хьалха хьо ваха а мега. Ас Къуръан тӏехь дуй буур бара хьуна, сан метта шаьш хилча, и хьан цхьаболу накъостий, ша-ша хьалхавала къуьйсуш, хьо дӏавийца хьолхур бара аьлла!