Шен амалца даим тийна, ойлане хуьлу Овхьад тховса цӏеххьана хецавеллера. Хабарна хьаьсарта ваханчу цуьнан хьаьжа тӏе а, мера тӏе а хьацаран тӏадамаш хӏиттинера. Гӏовталан кисанара даьккхина, деалха тоьхна кӏайн йовлакх схьа а даржийна, йуьхьах хьаькхира цо. Цуьнга ладоьгӏуш ӏачу Къайсаран коьртехь уьйриг хилла хьийзара ойланаш.
«Со зуьйш ву-те хӏара? Йа даггара дуьйцу-те? Амма стенна оьшу цунна, хьалдолчу ден кӏантана, оьрсийн ӏилма а дешна, ӏедало, тӏе куьг а хьоькхуш, кхобуш волчу хӏокхунна, гӏаддайна лелачу тхо мисканашна йукъагӏертар? Тхан гӏуллакх эшамца дерзахь, тхо-х тӏепаза дойъур ду…»
– Хьо хӏун ала гӏерта? Дийцахьа, Овхьад.
– Шуьца цхьаьна хила лаьа суна. И ала гӏерта-кх.
– Вайн некъаш цхьаьна ма ца догӏу.
– Шу санна, нохчо вац со а?
– Нохчий а бац цхьаъ. Хьуна ма-хаъара, царалахь а бу тхан мостагӏий. Ахь ма-аллара, Іедална дагадеанийла хиъча, цуьнга а ца кхочуьйтуш, тхан кортош дохур долуш.
– Со царах ма вац.
– И ца хаьа суна.
Овхьад, шина а куьйга корта а лаьцна, охьатаьӏира. Къайсарна гора цуьнан гиччон кӏел сихбелла беттало сийна ши пха.
– Нагахь хьуна тхан къайле гучуйаьллехь, тхо кхеро хьайн ойла йелахь, гӏой, дӏаала, – хьалагӏеттира Къайсар. – Амма хьо тӏаьхьависина. Ас ца элира ала дац хьуна, нагахь тхан гӏуллакхах лаьцна ӏедале цхьа дош аьллачун дегӏах са къаьстар ду хьуна.
Шайн къамел чекхдаьллийла хиъна, Овхьад хьалагӏеттира. Гӏовталан кочера дисина ветанаш дӏа а тийсина, йукъахдихкина детица кхелина доьхка а нисдина, Къайсаре куьг кховдийра цо.
– Дика ду, Къайсар. Хуур вайна, халкъана тешаме а, йамарт а мила хуьлу. Дукха дацахь а, сайгахь дуьненан ӏилма а долу дела, сайна оьрсийн мотт-йоза а хаьа дела, ӏедал а девза дела, мелла а сайгара шуна пайда хиларе догдохуш лелара со. Шу тешац-кх. Дала хьеха! Аш дӏадолийча, хӏуттур со шуна улло. Йа хьалха хила а мега. Ӏодика хуьлда хьан!
Цо дийцинчун ойла йеш, вехха лаьттира Къайсар иза дӏавахча. Мухха делахь а, ца тешара иза стешхачу Хортӏин цӏийх схьаваьллачу кӏанта дуьйцучух. Цкъацкъа деган кӏоргехь кхин аз гӏоттура. Берса а ма вара хьалдолчу ден кӏант, паччахьан эпсар. ХІетте а – халкъан уггар тешаме кӏант.
Шен ойланех Къайсар