Масӏудан кӏанта ӏабдуллахӏа (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Аллахӏ воцург кхин дела ца хилар а, со Аллахӏан элча хилар а тоьшалла деш волучу бусалба стеган (цӏий ӏанор) магош дац, нагахь (цуьнгара) кхаа хӏуманах цхьаъ ца дожахь: зуда ялийна (а волуш) зина дар, (стаг) верна дуьхьал стаг вер, (бусалба нехан) юкъараллех дӏа а къаьстина, шен динна тӏера юхаваьларг.»