Абу Хӏурайрас (Аллахӏ реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Аллахӏах а, тӏаьххьарачу (къематан) дийнах а тешаш волучо - (олучу хенахь) диканиг олийла я вист ма хуьлийла (къамел ма дойла). Аллахӏах а, тӏаьххьарачу (къематан) дийнах а тешаш волучо - шен лулахо лорийла. Аллахӏах а, тӏаьххьаручу (къематан) дийнах а тешаш волучо - шен хьаша дика тӏеоьцийла»
[(«ал-Адаб ал-Муфрад» жайнахь Бухарис дийцина: 5672, «Сахьихь» жайнахь Муслима дийцина: 48)].