Авсан кӏанта Абу Яӏла Шаддада (Аллахӏ реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Боккъалаъ, Аллахӏа дика хилар тӏедиллина массо а хӏуманехь. Цундела, нагахь шайн (цхьа хӏума) ен езаш хилахь - дикачу кепехь дойла аша и, нагахь шаьш урс хьакха дохкуш делахь - (иза а) хьокхийла аша дика. Шух хӏораммо а ирдан ма-деззара урс ирдойла шен, ша дуьйш долу дийнат ӏазапах хьалха а доккхийла.»