Абу Зарр Джундуб бин Джунадас а, Абу ӏабдур-Рахьман Муӏаз бин Джабала а (Аллахӏ реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Аллахӏах кхералахь, хьо миччахь велахь а. Вочунна тӏаьххье диканиг а делахь, и вониг дӏадойъун долу. Нахаца хаза (гӏиллакхе) а хилалахь.»