Оцу шерашкахь хӏор а оьрсичунна муьлхха а француз шен луьра мостагӏ хетара, хӏунда аьлча и цивилизованни француз герз карахь Росси дӏалаца, оьрсийн халкъ лолле дерзо веана дела.
– Ткъа оццу оьрсичо дицдора, шен паччахьо, шен правительствос шайн берриг ницкъаца французски революци хьошуш а, Европехь монархиш йуха меттахӏиттош а гӏо дина хилар.
– Иштта-м хуьлуш ма ду. Исторехь суна ца хаьа, оцу тӏамна ша бехке делахь а, цхьа а халкъ цунна къера хилла меттиг. Дуьхь-дуьхьал летачу шина а халкъана ша-ша бехке ца хета. Туркошца тӏемаш болчу хенахь оьрсаша хӏор а турко адамаш дойъург кхайкхаво. Ткъа туркоша а маьхьарий хьоькху, оьрсий мехкашдӏалецархой, ӏазапдаллорхой, гаурш бу бохуш.
– Нуьцкъаха тӏаме, ӏожаллина тӏелаьллинчу оцу мискачу оьрсичунна а, туркочунна а ца хаьара, шаьшшиъ туркойн султанан а, оьрсийн паччахьан а, церан гӏеранийн а хьал лардеш, дебош летий а, лей а!
– Дӏавалахьа, делхьа! Цаьршиннан хьекъал ма дац иштта кӏорга ойла йан.
– Муха хуьлу, зорбанехь, килсехь, маьждигашкахь церан хье чу дӏовш дуттуш хилча. Кхин ойла йан гӏортал. Сихха вуьйр ву.
– Вайшимма долийначу гӏуллакхна генаваьлла вайша. Хьо вежарий бан гӏертачу ламанхошна а, оьрсашна а тӏе йухаверзий вайша. Дуьззинчу дезткъа шарахь вовшийн цӏий ӏенийна цара. Оцу тӏамна бехке паччахь а, правительство а хуьлуьйтур вай. Амма ахь хаттал гӏалгӏазкхичуьнга йа ламанхочуьнга? Цара паччахьаш бехке бийр бац. Гӏалгӏазкхичо эр ду, ламанхой шайн станицашна тӏелетара. Ламанхочо – гӏалгӏазкхий, шайн махка а баьхкина, охьахевшина. И дезткъа шарахь бахбелла цӏийӏеноран тӏом селхана чекхбаьлла. Ламанхо эшна, гӏалгӏазкхи тоьлла. Хьалхарчуьнгара латта дӏадаьлла, шолгӏачунна – карадахна. Цаьршинна йуккъехь машар ца хилла. Ламанхочо шен латта йухадерзоре сатуьйсу, ткъа гӏалгӏазкхичо шен карадеанарг цунах лардийр ду. Оцу шиннан дегнаш чохь вовшашка цабезам лаьтта. Ткъа хьо, оцу тӏамехь беллачийн кешнийн баьрзнаш дакъадалале, йагийначу йартех туьйсу кӏур дӏа а бале, адамаша чӏир а йастале, царах вежарий бан гӏерта!
– Амма адам кхетар ду хенан йохалла…
– Нагахь царна кхета а, церан барт хилийта а гӏерташ нах хилахь! Хӏинцалерчу адамийн масех тӏаьхье хийцайелча.