Хьуна ма-моьтту, итт, ткъа шо даьлча-м хир дац иза. Тӏе, мила ву халкъашна йукъара мостагӏалла дӏадаккха, халкъаш цхьаьнатоха, халкъийн барт бан гӏерташ? Цхьа а. Мелхо а, мостагӏалла марсадоху. Шайн мохк схьа ца белча, законехь шаьш муьжгашца ца нисбича, даг чуьра вас дӏайер йуй ламанхойн?
– Йац.
– Ткъа правительствос иза а, важа а дийр ма дац. Йа цхьана а пачхьалкхан правительствос а ца дина иза шен колонешкахь. Россин правительствос а дийр дац. Цундела массанхьа а метрополин а, колонийн а халкъашна йуккъехь диллина дӏа мостагӏалла, цабезам, цатешам, къийсам бу лаьтташ. Олалла ден халкъаш – шайн олалла колонешкахь сацо, чӏагӏдан гӏерташ, колонешкара халкъаш – оцу олаллех паргӏатдовла гӏерташ. Иштта къийсам бу Азехь, Африкехь, Америкехь. Ахь сатуьйсу халкъийн доттагӏалла, вошалла цӏена утопи йу, Берса. Ницкъ ма бу истори хьалхатоьттург. Нуьцкъалниг даим бакъ хилла, даим гӏорасизчунна тӏехь ӏийна. Иштта хир ду даим а. Ӏаламан закон ма ду иза.
Шина хьешан дов хадийра цӏестан тас, гӏумгӏий, гатий дохьуш чоьхьаваьллачу Болата. Цунна тӏаьххье йуург йохьуш йеара хӏусамнана. Дечиган доккхачу шуьнахь тӏера ӏаь а гӏуьттуш ахьаран галнаш, царна тӏехула йехкина уьстагӏан дерстинчу жижиган тӏассаш йара. Йуккъехь лаьттачу дечиган кедахь – тӏе хьакхар хӏоьттина саьрамсекхан берам. Галнашна тӏебоьгӏна – Данчӏас хӏетта бина дечиган ши мӏара.
Хӏусамнанна томана, цкъа-шозза деккъа жижиг а кхаьллина, цхьа-ши ӏайг чорпа тӏе а мелла, шуьнара дӏахилира Къосам. Цуьнца йахь а лаьцна, ша меца воллушехь, Берса а сецира, тӏаьхьа Данчӏица паргӏат йаа дагахь.
– Вайша хӏусамненан кхача а бии, Барзоев, – элира Курумовс, куьйгех хьаькхна гата Берсега а кховдош. – Суна хетарехь, истори а, политика а йийцаре йан ца кхайкхина ахь со кхуза. Схьадийцал хьайн гӏуллакх.
– Бакъду и, Къосам. Къийсамаш буьтур вайша. Уьш дерриг замано къастор. Хьоьга дехар ду сан.
Берсас дӏадийцира Гати-Юьртахь хилла зулам. Амма цо лачкъийра Васал има диллина оьрси хилар.
– Лаьцначу шиннах куьг бехке воцу Васал маьрша ваккхийтахьара аьлла, хьоьга дехаре ваийтина со гатийуьртахоша.