Дуккха а оьрсийн назманчаша, вайх къахеташ, вайн турпала къийсам хестош, вайца тӏом бен ӏедал сийсаздеш, иллеш йаздо. Уьш а бу хьолахой, эпсарш а. Хӏинца хаьий хьуна, Болат, цхьа а халкъ вон ду ала мегар доцийла? Цхьа стаг, бӏе, эзар стаг вон ву, зуламхо ву, оьзда вац ала мега. Амма халкъ бехдан, бехке дан, цунна тӏехь кхел йан а бакъо йац цхьаннен а. Вало, говр схьайалайе. Дӏавоьду вайша.
Кӏант тӏехьа а хиъна, меллашчу боларехь новкъавелира и шиъ.
– Шолгӏачу кӏентан цӏе хӏун йара? – хаьттира Болата, шаьшшиъ гено ваьлча.
– Художник хиллачунний?
– Хӏаъ.
– Цуьнан бакъ цӏе а хаац цхьанне а. Захаров Петр олура цунах. Иза схьаэцначу салтичо шен ден цӏе тиллинера цунна. Амма, ша нохчо вуйла, шен даг чохь даймахке а, нохчийн халкъе а безам ларбеллийла хаийта, ша мел диллинчу суьртана буха «Нохчех схьаваьлла Петр Захаров» олий, куьг йаздора цо. Ша верг иштта хьекъале, тешаме, оьзда а хуьлу-кх, Болат, цо оьрсийн школехь дешарх. Захаров Петран цӏе йехар йу, вайн халкъ мел деха. Тӏе, вайн халкъо хастам кхайкхор бу и кӏант йийсаре ваханчу денна а, вигначу салтичунна а, шена иза кхиийнчу инарлина а. Тамашийна хӏума ду хьуна иза, Болат. Паччахьна, хьолахошна вайнах хьекъал, кхетам боцуш, цхьа акха адамаш ма хета. Царна моьттург бакъдоцийла хаийта санна, кхолламо жима волуш Россе кхоьссинчу оцу шина кӏантах цхьаннах – гӏараваьлла инарла, шолгӏачух дуьнен чохь а цӏейахана художник хилла. Хьанна хаьа, хьоьга а, хьан доттагӏчуьнга Соипе а оьрсийн школехь дешийтича, шуьшиннах а хила мегара вайн халкъан дуьнен чохь а сийлахь цӏе йоккхуьйтуш ши стаг.
– Суна воккха инарла хила луур дара. Даккхий эскарш тӏаме дига.
– Хӏунда?
– Хӏунда бохург, хӏун ду?! Хӏокху Нохчийчуьра Къосамгӏар, Орцагӏар, Ботагӏар, цаьрца цхьаьна оьрсийн инарлаш, хьаькамаш, церан хьадалчаш а дӏалахка.