Амма иза дан ницкъ кхочур бац цхьана нохчийн. Дерриг халкъаша цхьабарт бина, цхьаьна а кхетта, массанхьа а паччахьан ӏедал хӏаллак ца дича, довр дац церан хӏу.
– Дависа, хӏетталц вехар вац-те со!
– Дала мукъалахь. Иза хир ду, мацца хилла а. И хирг хиларх теша Россера а, дуьненан кхечу мехкашкара а хьекъале нах. Гор, Болат, йаӏ! Дуьнен чохь хуьлуш дерг хаахьара нохчашна! Тӏаккха уьш кхетар бара шаьш хӏинццалц бина къийсаман некъ нийса цахиларх, иза хийца безарх! Амма цунах кхетац йа вайнах а, йа кхидолу халкъаш а. Шен маршонехьа къийса, маршо йаккха, йаьккхича, ларйан ӏилма, серло ма оьшу адамашна. Ткъа уьш тахана бодане, бӏаьрзе ду, Болат.
Шиммо а гӏайгӏане доккха садаьккхира. Болата хеттарш совцийра. Схьахетарехь, шена хаа луург хиънера цунна. Хӏинца, мел лаххара а, цхьана шарахь шен нийсархошна хьеха а, дийца а хӏума дара цунна.
Болат луьйчура сецча, Къосамца шен хиллачу къамелна тӏе йухавирзира Берса а.
Цхьацца хаттаршна тӏехь бакъ вара Курумов. Россис кхуза серло йохьийла-м Берсина дика ма хаьара. Амма, муха йохьу – оцу тӏехь йара коьрта галморзахаллаш. Цул сов, Курумовна лаьара и серло шен классана пайденна хуьлийла, ткъа Берсина – и кхетам, серло цуьнан классана дуьхьалйаккха.
Шемалах лаьцна цо аьллачунна а дерригенна реза вацара Берса. Къиза-м, дера, вара Шемал. Тап ша малхбален деспот. Амма кхин цхьаъ хаьа Берсина. Исторехь дукха меттигаш хилла, халкъийн уггар хьекъале, кхетаме, адамалле баьччанаш даймехкан, халкъан дозушцахиларан дуьхьа, цуьнан хинболчу кхолламан дуьхьа цуьнан мостагӏашца, йамартхошца къиза хуьлуш. Шайна ца луъушехь. Дегнаш а къуьйлуш. Изза дира французийн революцин тхьамданаша а. Иштта хила дезар ду тӏейогӏучу хенахь а.
Шемалан байракх кӏел хӏиттинчу халкъаша латтийнарг шайн маршонехьа бакъонца, сийлахь къийсам бара. Оцу къийсамехь йоккха турпалалла а гайтира цара.