Руновскийн «Шемалах йозанаш» книгина тӏехьежа хӏоьттира Берса. Яшка лаьттан бӏаьра а вогӏавелла ӏара. Амма иза паргӏат вара, ша гира цхьа боккха мохь охьатесча санна.
Цхьацца дуьйцуш ӏаш, ларамза хан йахара. Маккхал стигала хьаьжира. Малх гӏушлакха баьллера.
– Яшкас дийцинчо Шелахь хилларг дагадаийтира суна, Андрей, – тийналла йохийра Маккхала. – Хьуна а хезна хир ду иза. Лаьцна Сибрех вахийтина тхан цхьа шайх – Кунта-Хьаьжа. Иза лаьцча, схьавеха цига гӏопе дахана дуккха а адам, тӏе йаккхий тоьпаш а тоьхна, даржийра. Яшкас йийцинчу генарчу Безднахь санна. Гӏийла, миска стаг вара Кунта-Хьаьжа, ша санначу мискачу адамийн догъеца а гӏертара. Цундела, шун цигара муьжгий Антошех санна, тхан нах а теша Кунта-Хьаьжа Сибрехара шаьш кху ӏазапах кӏелхьардаха йухавогӏург хиларх.
– Вай вешан куьйгашца ца йаккхахь, цхьаммо а йохьур йац вайна маршо.
– Суна а хаьа, Берса, Кунта-Хьаьжега вайн халкъ кху ӏазапах маьршадаккхалур доцийла. Амма адамаш хьаннах а цхьаннах тешаш хила деза. Йа Делах, йа динах, йа цхьана стеган ницкъах. Цхьаннах а тешаш воцу стаг адам дац, иза гуттар а акхачу, къизачу акхарошна йуккъехь а къиза экха ду. Шайн ницкъаца маршо йаккхалург хиларх догдиллинчу адамаша шайн болх Далла тӏе биллина, цуьнгахула и лаам кхочушбан Кунта-Хьаьжа а къастийна. Мацца а цкъа цунах догдиллина, тӏаккха йуха а герз караоьцур ду цара. Халкъ оцу тӏе дига деза вай, собаре а хилла.
– Дера, Маккхал, вайн халкъана-м серло ма оьшура. Тӏаккха атта хир дара вайна вешан маршонехьа къийса.
– Маца хир йу иза? – мохь белира Яшкин. – Шу-м хьехор а дацара вай, тхан оьрсийн йарташкахь а йоза-дешар хууш стаг наггахь бен ма вац. Помещикаша, мозгӏарша ӏехош, бажа санна, шайна луъ-луучу агӏор дӏасахьийзадо халкъ!
– Хӏета, Яшка, шун муьжгийн гӏуллакх а дацаний тхайчул башха тоделла а? – хаьттира ӏелас.
– Эзарзза вон ду!
– Тхайчул вон хуьлийла а дац. Муьжгийн гехь цхьа помештик бен вац. Ткъа кхузахь тхуна тӏехь массо а ву хьаькам. Паччахьан хьаькамаш а, тхан тхешан хьолахой а. Царна цхьанне а тхо адамаш хетац. Ткъа тхан халкъ ӏемина дац харцо а, ӏазап а лан.