– Тоийта вай, доттагӏий, – хьалагӏеттира Берса. – Андрейгӏара шайн делкъе а йеш, вай ламазаш деш, дӏадохий вай? Хӏокхеран болх а бу. Ткъа ахь, Яшка, цӏом ма оллабе. Нагахь вайн ницкъ ца кхачахь, йа ца кхиош дисахь, вайн бераша бекхам оьцур бу вайна тӏехь хӏара къизалла а, харцо а латточех. Тхан могӏаршка а хӏиттина, бӏеннаш салташа къийсира шун а, тхан а маршонехьа. Амма уьш а, тхо а нийсачу новкъахь дацара. Ӏехаделира. Ӏехийра-кх. Тхуна маршо лун йолу нах бацара къийсамна коьртехь берш. Адам кхето, нийсачу некъа дига ницкъ берш. Къаьмнашна а хуур ду, шайн доттагӏий а, мостагӏий а муьлш бу. Массо а къаьмнийн къехой цхьаьнакхетар бу. Тӏаккха хир бу инзаре тӏом. Оцу тӏамехь тоьлур ду вай.