такхийна йалийна, лекхачу чкъургаш тӏехь йоккха топ хӏоттийра цӏенна дуьхьал а йерзийна. Цуьнан ӏаьржа бага хӏоъ-молханах а йуьзна, кӏур туьйсуш йогу милт лерга ӏоьттира салтичо. Чуьйнан стоммачу биргӏано, кӏегаръоьккхуш, цӏе тосуш даьккхинчу татано лерга поттанаш хӏиттийна Маккхал ша лаьттачохь голаш тӏе лахвелира. Цхьа хан йаьлча ши бӏаьрг биллинчу цунна хьуьжаран неӏарний, кораний йуккъехь доккха ӏуьрг гира. Йух-йуха а йузуш, масазза а туьйхира цара йоккха топ. Амма цӏа чуьра арайетта тоьпаш, назманан мукъам ца соцура.
Дуккха дараш хилла эпсар воьхна, дарвелла хьийзаш, цига кхечира инарла-майор Волхонский. Эпсаран рапорте ла а доьгӏна, цо омра дира, цӏе а латайай, туьнкалгехула чу йол, дечигаш кхийса аьлла.
Дӏасахьаьлхинчу салташа оцу минотехь кхочушдира инарлин омра. Алах кегий цӏевнаш дина, цӏе а туьйсуш, уьш цкъа хьалха чу а кхийсина, тӏе декъа дечигаш тийсира цара. Цӏийнан корашкахула а, йоккхачу тоьпо даьхначу ӏуьргашкахула а сийна кӏур тийса буьйлира. Кӏез-кӏезиг лагӏлуш, севцира чуьра арайетта тоьпаш. Оцу кӏуьра йуккъера схьа иллин буьрса аз хезара:
…Болатан шаьлтанаш
Баттара йаха вай.
Къизачу мостагӏийн
Догӏмаш тӏехь кегйе вай!
Делерчу орцанца
Кхолха го хадабай,
Мостагӏийн декъаш тӏехь
Ваьшна некъ билла вай!..
– Йа Аллахӏ! Йа Аллахӏ! – маьхьарий детташ, буйна шаьлтанаш а лаьцна, неӏарех, корех ара а лелхаш, салташна чухьаьлхира нах.
Амма, шекбоцуш лаьттачу салташкарчу тоьпаш буьххьера деха, ира цхьамзанаш пханарш йуккъехула чекх а дуьйлуш, шалхаоьхура уьш. Чуьра аралилхинчаьрца вацара Маккхалан къена да а, кхо ваша а. Церан декъех чим хилира…
Оцу дийнахь байлахь висина Маккхал Нохчмахкарчу цуьнан ден доттагӏчо ша волчу дӏавигира. Ӏабдурахьманна къаьсттина дукхавезара жимахволу кӏант. Иза хьалхе ненах валарна а, хӏуманан тидам дика болуш, хьекъале бер хетарна а. Цунах йара ден йерриг дегайовхо. Шена хуу ӏилма цуьнга дӏадала сацам хиллера цуьнан. Доттагӏчун ойла кхочушйархьама, къеначу Чербис Нохчмахкара уггар тоьллачу хьуьжарехь дешийтира Маккхале. Масех шо далале иза ӏилманца лакхавелира шена хьоьхучу молланел а. Цо ца ӏебаш доьшура кара мел деана жайна.