Шерра карадерзийра ӏаьрбийн, туркойн меттанаш. Амма Маккхалх молла ца хилира. Шен ден, вежарийн а ӏожалло диллина дог огу иза цӏейаханчу нойбоьрахойн Эскин бӏаьн магӏаре хӏоьттира.
Цуьнан адамаллин даг чохь биллина лаьтташ беккъа цхьа цабезам бара – шен да а, вежарий а байъинчу мостагӏашка. Маккхала дуй биънера церан чӏир йекха.
Шен дуьххьарлера бӏаьнча, къона Аьрзу, гиначу хьалхарчу дийнахь везавелира Маккхална. Даим тийна, ойлане, амма майра, тешаме, къинхетаме. Аьрзуна а везавелира къона ӏеламча. Цунна иза оьшура дӏа ког мел баьккхинчохь. Леш воллучуьнга а, веллачуьнга а хьажа. Наибашка кехат йаздан а, цаьргара деанарг деша а. Цхьа шо далале Маккхала ӏамийра Аьрзу ӏаьрба йозанна. Цаьршинна йуккъехь тасаделла доттагӏалла чӏагӏдора тӏеман цӏаро.
Аьрзу дуй биъна ваша вара Маккхалан. Аьрзус валийра иза оьрсийн йийсарера цӏа а.
Нийсса кхойтта шо хьалха, Шемална йамартло а йина, наиб Хьаьжа-Мурд ведда оьрсашкахьа ваьлча, цунна вен кхел йан Эвтара гулбира берриг наибаш а, ӏеламчаш а. Кхайкхина цига ваханчуьра цӏа вогӏу Маккхал, Мичка тӏехь оьрсийн отрядна тӏе а ӏоттавелла, цаьрца хиллачу кхийсаршкахь дагна лакхахула некхах чекх дӏаьндарг йаьлла, йийсаре лецира. Маккхал ӏеламча вуйла а, иза Шемалан диванера вогӏуш вуйла а хиъначу инарло бароно Вревскийс, Соьлжа-гӏопарчу госпитале а вигна, леррина дарбанаш а леладайтина, Псковски губернерчу Вревски уездера шен имене дӏавахийтира.
Жимма а нохчашлахь цӏейоккхуш болу нах шайн йийсаре нисбелча, лорий ӏалашбора паччахьан инарлаша. Цкъа-делахь, шайн именешкахь маьхза бацо леш бара царна уьш. Шолгӏа-делахь, къаьсттина кху Нохчийчохь ца хуьлуш хӏун дуьсу, тӏамехь шайн веза-гергарниг нохчийн йийсаре нисвелча, цуьнца хийцархьама.
Иштта меттиг тӏекхачаре веха хьежа ца дийзира Вревскийн. Дуй биъна ваша доь доцуш вайна, бӏаьрга сара кхетча санна, хьийзара Аьрзу. Цхьана баттахь лийлира иза цунах хилларг ца хууш, кхин цхьа бутт а белира, и мичахь ву ца хууш а. Масазза вахара иза, маьрша нохчо хилла, оьрсийн агӏонга разведке, мел ахча дайъира, доттагӏчух хилларг хаа гӏерташ, лазутчикашна луш. Эххар а цунна хиира инарло