Тхо хьегарца хьуьйсу и вайн оьрсийн Итали йуха а гун йолчаьрга. Вайн Кавказ хьоле йу хастамечу гӏуллакхашца. Цигахь цхьа а меттиг йац, цхьа а маьӏиг йац оьрсийн тӏемалочо шен цӏийца майраллин, муьтӏахьаллин урок йазйанза. Цициановн, Котляровскийн, Ермоловн, Паскевичан, Воронцовн, Барятинскийн сийлахьчу цӏераша вайна дуьйцу тӏеман а, граждански а дицлур доцу хьуьнарш. Оцу дерриг а хьуьнарийн деккъа цхьа хьоста дара – Кавказе безам.
Чохь болчу наха, хьала а гӏевттина, цӏераш йаьхначу полководцех дийна бисинчех шайца кху чохь волчу шина эланна – Воронцовний, Барятинскиний – тӏе а бирзина, дехха тӏараш туьйхира.
– Кавказ а, машар а! – тӏаьхь-тӏаьхьа хьасарта оьхура Соллогуб. – Хӏуъу дича а, оцу шина дашах дола тигац-кх вайн дегнаш! Цхьа тамашийна, ца кхеташ ду-кх и ши дош. Муха хир йу ткъа Кавказ – тӏом боцуш, тӏом – Кавказ йоцуш? Хӏун ду а хаац, даккхийдерца дагахьбаллам бу-кх вайна. Вешан толам базбо вай, ткъа оцу йуккъехула, цхьа везачух, дагна хьомечух, къоналлех къаьсташ санна, дагахьбаллам бу. Хьекъал доккхаде. Дог доьлху. Дагна хаьа кху машаречу хено шегара майраллин, хьуьнарийн хан дӏайоккхийла. Цхьа эзар цхьа бӏе чаккхарма йехачу меттехь хӏор а колл – кӏело йолу, хӏор а тарх – гӏап йолу и мохк къарбелла кӏелсецна бохучух тешалац-кх. Цигахь вайна дуьхьал лаьтташ мел инзаре боккха ницкъ хиллехь а, и тамашийна дерг хилла-кх! Кавказан лаьмнаш дӏалецна! Кавказехь машар бу! Хьан дӏалаьцна Кавказ? Баркалла хьанна ала деза? Хьанна кхайкхо беза хастам? Уггар хьалха, хьомсара государаш, хьомсара государынаш, хастам бала беза сийлахь-доккхачу оьрсийн муьтӏахьаллина. Иза ду шуна Кавказ схьалаьцнарг!
Йекъанчу, гӏуркх санна йехачу баронессас Николаис цӏогӏане мохь туьйхира:
– Кавказан тӏемалошна – хастам!
– Браво!
– Виват!
Тоьхначу тӏараша йекийра хрусталан пхьегӏаш.
– Къилбехьарчу лулахоша йерзина йаьккхина, бӏарзйина Гуьржийчоь шен порфираца дӏахьулйеш, императоро Александра ӏ-чо Россина тӏера цунна дош делира са ца кхоош цунна гӏо дан, – шен къамел кхидӏа а долийра ораторо, хьаьсарта бахана зударий дӏатийча. – Оцу дийнахь дуьйна схьа кхузткъа шарахь оьрсийн тӏемалоша бакъдира паччахьан дош.