Оцу дийнахь дуьйна схьа Кавказан тогӏешкахь, чӏажашкахь саццаза ӏенара оьрсийн цӏий. Цигахула чекхйевлла оьрсийн турпалхойн дийнна тӏаьхьенаш, цигахь хилла туьйранара тӏемаш. Цигахь кхоллайелла турпалчу хьуьнарийн летопись, шен илланчашка хьоьжуш лаьтта оьрсийн барта «Илиада». Вайна ца хууш, мел дукха хьуьнарш дӏадоьхкина цигахь, ламанан тийналлехь, мел дукха адамаш дайна, шайн хьуьнарш а, цӏераш а цхьана Далла бен ца хууш! Амма церан массеран а – вай хастам бечийн а, банза бисинчийн а – цхьатерра бакъо йу вайгарчу баркаллина. Церан массеран а цхьа цӏе йу – муьтӏахьалла. Уьш массо а, тӏаьххьарчу салтичунна тӏера хьала Ерригроссийски Престолан наследникан биста кхаччалц, кхераман ойла ца йеш, хьалха оьхура. Хьалха байракх йара, тӏаьхьа тӏехьоьжуш Росси йара. Оцу хьолехь лаьттан хӏор а коржам тӏамца йаьккхира вай. Оцу хьелашкахь вайн эшам а, толам а бара оьгӏазечу мостагӏчунна тӏехь, инзаре чӏогӏачу ӏаламна тӏехь. Оцу мостагӏаллин, амма исбаьхьчу ӏаламна хьалха кхочушдан дезачу декхаран дозалло а, сийлалло а кхераме дора вайн дахар, хӏетте а кхечу агӏор дуьне ца оьшура. Цундела буьсу вайна кавказски тӏом чекхбаларна дагахьбаллам. Шун дегнашкахь кавказски лекха ойланаш йисина. Уьш йу къарйинчу Кавказна тӏехь тахана оьрсийн толаман байракх маьрша техкораш!
Шен хастам бӏеннаш шерашкахь беха болчу кхузткъа шеран кавказски тӏамо вайна, оьрсашна, хьовха, дерриг адамаллина йелла пайдехь, кӏорггера хьекъале урок ца гойла дац вайн, хьомсара государаш. Кхузахь гучуделира вай цхьабарт болуш хилар, вешан декхар хууш, генна хьалха хиндолчуьнга хьуьйсуш, цуьнан ойланаш, схьалаьцнарг чекхдаккха собар а, хьуьнар а долуш хилар. Иза ду кавказски тӏом вайга толамца чекхбаккхийтинарг. Кавказски тӏамо весет дитина вайна а, вайн тӏаьхьенашна а. Лаа ца аьлла поэто:
…Ткъа ахь, Ермолов, вицлун воцу,
Россин – хастам, ламанхошна – кхерам,
Хьурмате весет деш, хьайн цӏе
Цамзанашца йазйина лаьмнех!
Кавказски тӏом дӏатийна дукха хан йоццуш, амма и лаьмнаш оьрсийн шайн гӏуллакхна муьтӏахьаллина гуттаренна а дагалецамийн хӏоллам хилла дисина.