Суна хӏумма ца хаьа, со, наб кхетта, меттахь ӏуьллуш вара!
Нияз-бей дӏавахча, лохха къамел долийра баккхийчу наха.
– Хӏун де вайша, Юсуф-ага?
– Хаац, Узун-ага, таро йоьхна сан. Хьуна хӏун хета?
– Оцу хьакхано хӏуъу дийцахь а, бусалба динехь лаьттах волла веза хӏара.
– Кхиахьара. Буьйса йоца ма йу. Хӏинца вайша белаш, зӏокберг лехна, лами беана, хӏара а эцна йуьртах валале, хӏун хир дац. Тӏе, каш даккха а деза, – ша-шега луьйра Юсуф-боба. – Сатассалц ваьшшинга далург дер вайша. Ас, вахана, бел, зӏокберг йохьу, ткъа ахь лами ба. Кху бешахь стоьмаш кӏел хӏоттош жима лами ма хуьлура шун.
Тӏаккха, Соипна тӏе а вахана, голаш тӏе охьалахвелира иза.
– Мисканиг-йаӏ, шу бераш мукъана а мича таӏзарна леладо-те даймахках а даьхна? – кӏентан бесни тӏе куьг хьаькхира цо. – Дала хьукма дойла-кх хьо вийначунна, шуна а, тхуна а тӏехь хӏара ӏазап латточарна!..
Туьпана генайоццуш, Мурат-хил дехьарчу шерачу экъан тӏехь, йаьржина лаьттачу туркойн йуьртахь уггар дикачу масех цӏийнах цхьанна чохь ши кор къагийна сирла чиркх богура Соипан садолучу хенахь.
Хӏусамдай чохь ӏен цӏа нохчеха кечдина дара. Пенех диттина кузаш, царна тӏехула оьхкина герзаш. Поппаран маьнгин цхьана маьӏӏехь пенаца хьалабоьттина мотт-гӏайба. Неӏарехь лаьттачу дехачу гӏанта тӏе хӏоттийна шиъ цӏестан кӏудал, царна тӏехула пенах оьллина кхо ког болу цӏестан горга шун.
Маьнги тӏе тесначу куза тӏе хиъна ӏачу шуьйра, йеха, сира маж йолчу зоьрталчу воккхачу стага, чӏепалгийн ши-кхо дакъа дисинчу хенахь, шена хьалхара кхийран хедар дӏа а теттина, ши куьг кӏайчу гатанах а хьаькхна, доӏанна хьалалецира:
– Алхьамдулиллахӏ, алхьамдулиллахӏ…
Доцца доӏа а дина, маж буйнах йоккхуш ши куьг йуьхьах а хьаькхна, дуьхехь, настаршна тӏе а лахйелла, хебна, тийна ӏачу къоначу зудчунна тӏевирзира иза:
– Эсет, хӏара хедар дӏа а эций, хьайна хӏума кхаллахьа.
Къоначу зудчо, хьала а гӏеттина, схьа а эцна, хедар шена хьалха деара. Воккхачу стагехьа букъ берзийна, гӏийла нох дохуш, ши дакъа а диъна, бертал тӏе кад биллина, хедар терхи тӏе хӏоттийра цо.
– Ахь хӏума хӏунда ца йии, Эсет? – цкъа а ца хиллачу тайпана хьостуш, дийхира воккхачу стага.
– Хьо цӏа вале, йиънера ас, ваши.