– Хӏума йаа йеза, Эсет, – йуха а эсала вистхилира воккха стаг. – Кхин болх ца беш, ткъа шарахь диъча, диса а ду вайн рицкъа. Вайшиъ доцург, иза даа стаг а вац. Хьайна деззарг даа, хьайна деззарг тӏедуха.
Эсет цецйуьйлура кху тӏаьххьарчу хенахь марвешин шеца йолу йукъаметтиг цӏеххьана хийцайаларх. Цунна вевзичхьана, виллина, лом санна, дера вара иза. Шен доьзалца а, йуьртарчу адамашца а. Ткъа хӏинца, чуьха санна, эсала ву. Хьанна хаьа, зуда а йелла, кӏант туркойн эскаре а вахана, йуьртахойх а къаьстина, кху туркойн йуьртахь цхьа висча, къена дог кӏадделла хир ду-кх цуьнан.
Кхуза схьакхаьчча, цхьана кӏиранах бен ца ӏийра Шахьби туьпахь. Гондӏа йарташка а ваьлла, шена эца дика цӏенош лехна, хӏара цӏенош а эцна, кхузахь паргӏатваьллачул тӏаьхьа Хьабиб дӏатарвира цо ша даим а сатийсинчу Алхазан Мусица. Цуьнца гергарло мичхьахула, маца тасаделлера ца хаьара Эсетна. Амма хӏиричун гӏоьнца, дукха хан йалале, Хьабиб, эпсаран чин долуш туркойн эскаре хӏоьттира. Мусехула кху йуьртан къеда а хӏоьттира Шахьби. Доцца аьлча, маситта шарахь цо ӏаӏийна ахча дара кхузахь цунна некъ боккхуш.
Шахьбис хӏоттийначу новкъа нийса дӏадоьдура дерриг. Шел ирсе стаг ца хетара цунна. Иза ша йуьртан къеда ву. Цунна тоьур ду и гӏуллакх. Кӏентан чин лакхара дац. Юзбаши . Амма иза а цкъачунна тоьур ду. Чинна лакхавоккхучу ламин хьалхара тӏегӏа ду иза. Ткъа Хьабиб къона а, онда а, куьце а жима стаг ву. Иза майра, хьуьнаре хиларан-м шеко йац. Хьанна хаьа, цхьа масех шо хьовзале, паша хила а ма мега цунах. Масех эзар эскархо тӏаьхьа а волуш. Иншааллахӏ, оцу Делан пурбанца, мацца а цкъа, шена тӏаьхьа доккха эскар долуш Нохчийчу а воьссина, цигахь имам хила мега цунах. Алхазан Мусин ӏалашо а изза йу.
Кхузахь оццул хаза дӏадоладеллачу цуьнан ирсах кевнаш дийла дуьйлира. Цкъа хьалха Бежу кхелхира. Цуьнан дилхечу дегӏе ца лабелира хӏара бовха мохк. Дукха йукъ йолале кхелхира Гати а. Амма и шиъ даларх гӏайгӏане воьжна ца хьийзира Шахьби. Шинне а Къуръанаш дешна, атталла сагӏина цхьа кепек ца луш, дӏадерзийра.
Хӏума йиъначул тӏаьхьа пхьуьйран ламаз а дина, ши ког кӏел буьллуш, голаш тӏе хиира Шахьби.
1. Бӏенча (турк.).