– Оцу сан гӏовталан кисанара суьлхьанаш лохьа соьга, Эсет.
Пенах кхозучу атлазан гӏовталан кисанара схьаэцна йантарах дина суьлхьанаш марвеше дӏакховдийра Эсета.
– Кхуза, суна уллохьа, охьахаахьа, Эсет, хьоьга дан къамел дара сан.
Сихдина суьлхьанаш дохуш, леррина Эсете хьоьжура Шахьби. Къоьжачу, буьрсачу цӏоцкъамашна бухара цуьнан цӏен ши бӏаьрг сутара кхерстара несан хазачу йуьхьаний, дуьзначу дегӏаний тӏехула.
Сихха бӏе зуькар а дина, горгам йеш карахь хьарчийна суьлхьанаш коре а дехкина, меллаша Эсетан куьг схьалецира Шахьбис:
– Хӏара куьг ма шога ду хьан, Эсет? Дерриг эттӏа. Пхенаш сенделла, – хьоьстуш, Эсетан куьйга тӏехула шениг хьоькхура цо. Тӏаккха, некха тӏехула охьа а веана, Эсетан кара гулйелла цуьнан дашо стомма кӏажар схьалецира. – Месаш а йу хьан хьирчина…
«Муха ца хуьлу? – ойла йора Эсета. – Дийнахь-бусий йала хӏоьттина йецаш хилча. Цул сов, шен дегӏана там лаха дог хьенан догӏу. Со хьанна кечлур йара…»
– Цӏийнан дукъ кочахь дисина, ницкъ хуьлу-те хьуна? – хьаьстира иза Шахьбис. – Хьоьга хӏара къахьоьгуьйтур дац вай. Хьайна хьалхара гӏуллакхаш дан цхьа гӏарбаш лаха. Доьххург диллий, схьайалайе. Шиъ йалайе. Вайн чохь дерг – цӏаной, кхачий – ахь лелабе. Важа керт-ковра гӏуллакхаш цаьрга дайта. Хьайн дегӏ, могашаллий ӏалашйе.
Ненах къаьстичхьана шен догъоьцуш, шех къахеташ дош ца хезначу Эсетан логе шад гӏоьртира, бӏаьргаш чу хиш гулделира. Марвешин буйнара куьг схьа а даьккхина, корталин тӏемагца бӏаьрхиш дӏахьекха хӏоьттира иза.
– Ма йелха, Эсет, ма йелха, – хьаьстира иза Шахьбис. – Оцу хьан хазачу бӏаьргех хин тӏадам ца балийта, вала реза хир ву со. Хӏинццалц ахь хьегна къа-бала бицбеш, хьо ирсе йан ницкъ бу сан, нагахь хьо резахилахь…
Эсет йист ца хуьлура. Цунна ца хезара марвешин къамел. Дуьхьалхӏуьттура ша Гати-Юьртах йолуш йоьлхуш йисина нана. Боьлхуш, ша дӏахеца ца туьгуш, шех хьирчина кегий йижарий, вежарий. Даймахках къастаран балано хеназа вийна Гати. Генадоццуш, туьпахь, леш болу шен махкахой.
Кхин гур йац-кх цунна Гати-Юрт, ден миска хӏусам, нана, кегий йижарий, вежарий. Дӏавели Гати а… Заьӏап велахь а, цуьнан мар вара иза. Майра, къинхетаме, тешаме.