схьавеанарг кхузахь тӏеэца. Амма оьрсаша тхоьгара дош даьккхина церан дозанна шу генадаха. Цкъа-делахь, кху виллаетехь мохк бац шу охьаховшо, шолгӏа-делахь, оьрсаша дуьхьало йо кху агӏор шу дитарна. Цхьа кӏира далале, хӏара тогӏи йассо йеза аш. Цхьацца эзарнах тобанаш йина, новкъа довла деза шу. Новкъахь шуна зен-зулам ца хилийта, хӏор а тобанна улло оха ха хӏоттор ду, – элира цо, кхеран зуламах шаьш лардан дагахь.
Маккхал хаттаре Аьрзуга хьаьжира.
– Тхо гӏур дац цига, – сацамболлуш жоп делира Аьрзус.
– Гӏур дац бохург хӏун ду? – Аьрзуна тӏевирзира Эмин-паша. – Тӏаьхье шу доьлхуш йоьрзур йу цуьнан. Нусрет-пашас санна, ас ловзор дац шу. Сан кхо эзар дошло ву Мушехь лаьтташ. Бертахь ца довлахь, нуьцкъала лохкур ду. Шайн тӏелхигаш схьаэца ца кхуьуьйтуш. – Оьрсашца церан мостагӏалла тӏеттӏа марсадаккха дагахь тӏетуьйхира цо: – И ца дича, тхо дитац оьрсийн ӏедало. Церан комиссар ву Эрзерумехь. Дийна йа дайъий, шу кхузара дӏадаха, боху цо.
Аьрзуна дукхазза хезнера, туркойн эскарш шаьш тоьллачу меттехь ӏаламат къиза хуьлу, церан къинхетаме догдохуьйла йац бохуш. Цо сацамбира барта къовсамехь а цунна хьалхе ца йала:
– Шайга хӏун дало хьовса хӏета. Далаза ца довлахь, хаза, дала а хууш, лийр ду тхо. Нагахь ца дитахь, тхо кийча ду лата. Тӏаьххьарчу стагана тӏехӏитталц.
Схьахьаьжначу Эмин-пашина хӏумма а диканиг ца гира Аьрзун бӏаьргаш чохь. Эмин-пашина моьттура шен дешнаша иза кагвина. Амма иза гена дара. Эмин-пашина хӏумма а диканиг ца хьоьхура цуьнан богучу бӏаьргаша. Аьрзун ира хьажар лан ца делла, Эмин-паша цхьа бӏе гӏулч шена гена лаьттачу эскаре хьежа хӏоьттира. Дера йаххьаш. Бакълоь хӏара догдика эфенди. Шайна тӏехь хӏоттийначу харцоно, ӏазапо бӏарздина, дегнаш дарделла оцу нехан. Эмин-паша дуй баа ваьхьар вара уьш лата куьйгаш кӏамделла хиларх. Летта балар гӏоли йу царна, мацалла лечул. Хӏан-хӏа, кху сохьта цаьрца забарш ца оьшу. Лаххара а, кхо эзар дошло хир ву уьш. Тӏе, гӏашлой а хила мега цхьанхьа. Цул сов, дуьйцуш ма ду, церан зударий а, бераш а лета бохуш. Цхьа иттех эзар дошло ца хилча, хӏокхарна тӏегӏертар кхераме ду.
– Хӏета, и тӏаьххьара дош ду-кх шун? – йуьхьанцачул кӏеда хаьттира