туркочо.
– Хӏаъ, тӏаьххьара дош ду, – жоп делира Маккхала. – Нах реза бац Диарбекирна дехьа баха. Цаьрга хьоьжуш ӏожалла йу цигахь.
– Кхузахь ма ца дуьту шу, – къамела йукъа вуьйлира Сайдулла. – Цӏий ӏанош доьрзур ду-кх хӏара.
– ӏанахь, тхайниг ӏенар ду-кх, – човхийра иза Аьрзус. – Хьан цӏока дийна йисчахьана, хӏара нах-м белча а дац хӏума. Дукха хьоме йу хьан иза. Ши кепек мах цуьнан боццушехь!
– Аьрзу! Со мила ву дицделла хьуна? – йуьхьа тӏе цӏе кхерстира Сайдуллин.
– Ца дицделла, Къуръанор-кх! Вайнахана тӏе ӏаьржа де хӏоьттича, хьо санна мел верг эцна, церан мостагӏашкахьа ваьлла, лай хилла, царна чухӏоьттина, айхьа бохург цигахь ца хуьлий хиъча, хӏара ӏовдалш балош схьавеана Гихтӏарчу ӏуспанан Сайдулла вац хьо?
– Аш хӏун къуьйсу? – резавоцуш вистхилира Эмин-паша оьгӏазвахана вехьачу Сайдуллей, жергонца цуьнга хьоьжучу Аьрзугий хьаьжна.
Оццул са сиха Сайдулла дӏатийра, кхин дош аьлла вистхилча, ша нахала вер вуйла хууш. Аьрзус тергал ца веш витира иза, цкъа а шен цуьнца хӏумма а ца деача санна.
– Хӏетте а, цхьана кӏиранах ладугӏур ду оха, – Маккхална тӏевирзира Эмин-паша. – Тӏаккха а шу кхузара дӏа ца довлахь, мел ца лаахь а, ницкъ тӏетаӏоза девр дац. Ойла йан а, вовшех дагадовла а де-буьйса ду шуна.
– Стенна оьшу эрна хабарш дийца, паша-эфенди? – йерриг догдохийла йохош, жоп делира Маккхала. – Нах реза бац цига кхалха.
– Церан хӏун ойла йу ткъа?
– Кхузахь гӏолечу махка тӏехь совца.
– Кхузахь шуна бала мукъа мохк бац. Кхузара латта цхьаццаннан долахь ду.
– Хӏета, йуханехьа, цӏа гӏур ду тхо.
– Мича?
– Тхешан даймахка.
Эмин-паша кӏоршаме велавелира:
– Цӏа бохург дӏадаьлла шун, нохчо, – Эмин-пашас аз айъира. – Шайн даймохк хиллехь, шу догӏур а дацара схьа. Нагахь шуна хилийта лаахь, хӏинца дуьйна хӏара хир бу шун даймохк.
– Синтем, паргӏато лоьхуш баьхкина хӏара нах шун махка, – элира Маккхала. – Дала декъалвийр ву церан аьтто бинарг, царна оцу тӏе некъ хьехнарг.
– И некъ шуна гайтина. Иза цуьрриг хьийзаш бац, шайга бохучу дӏагӏахь. И лаьтта дошлой цуьнан возаллин султанан байракх кӏел хӏиттабахь, дуьне а декъала хир ду шун. Цуьнан возалло султано шен къинхетамечу тӏома кӏел кхобур ду шу. Ткъа майра ши тӏемало а,