Некъ дика хуьлда хьан, хьомсара гӏаргӏули,
Накъостц а, кӏорнешца, цӏа йоьду хьо гена,
Ахь стохка попа тӏехь битинчу хьайн бена…
О. Туманян. Мухӏажарийн илли
Туьпа вогӏу туркойн паша тӏеэца кечамбеш, Болатна чӏогӏа лиира Коьрица цхьаьна Чорин дошлойн бӏаьна йукъахӏотта. Амма Болатан дин бацара. Туьпахь ха дан витина иза догдаьттӏа вала-м ца велира. Цигахь-м цул баккхийниш а, гӏарабевлла тӏемалой а бисинера. Болатан ден Данчӏин санна, говраш йелларш а бара царна йуккъехь, цӏера схьадогӏуш цахилларш а бара. Шен дагахь дерг Аьрзуга дӏа-м хаийтира цо. Ткъа вукхо, вела а велла, букъа тӏе дайн куьг тоьхна, витира. Жима ву хьо, бохура. Хӏетте а, баккхийчех а тоьхна, туьпахь ха дан витарх воккхавеш ӏе.
Болатна шера гира туьпа вогӏу туркойн паша. Болатна уллохула тӏехбевлира уьш. Пашех цуьрриг цец ца велира Болат. Амма цунна тӏаьхьабогӏучу дошлошна йуккъехь Шахьбин кӏант Хьабиб гича, шен декхар а дицделла, акъваьлла висира иза.
И дерриг а дицдира йухайирзина цунна уллохула тӏехйаьллачу туркойн отрядна тӏаьхьа ма-йоьлхху хецна говраш хаьхкина, тӏаьхьаваханчу Коьрас а, бенойн Габас а. Шу стенга доьлху аьлла, царна тӏаьхьа мохь туьйхира Болата, ткъа важа шиъ кхуьнан мохь хезехь а вацара.
Пхиппа цхьаьна хӏуттуш, нийсачу магӏаршца, назманашца туьпа бирзира нах. Массарел хьалха туьпа вуьйлира Аьрзуй, Маккхаллий. Цаьршинна ткъех гӏулч тӏаьхьавогӏура Чорин пхибӏе. Чорина тӏаьхьавогӏучу ӏелин каралаьцна йара тӏехь седа а, бутт а болуш баьццара байракх.
Лаилахӏ, иллаллахӏ,
Лаилахӏ, иллаллахӏ…
Цхьана эшшарехь дӏасатехкара дошлойн кортош. Ца гора церан йаххьаш тӏехь зуькар олучу хенахь хуьлу шовкъ. Дорцана ӏаржйелла стигал санна, кхоьлина йара церан йаххьаш. Шайн дахарехь маса бӏозза бирзинера и нах тӏамера цӏа. Толам боккхий а, шаьш оьший а боьрзура. Баккъал аьлча, тӏамехь цхьа а ма ца тоьлу. Массо а оьшу-кх. Тоьлларш а, эшнарш а – шиннахьарниш а оьшу. Тӏамера цӏа боьрзура шайн безачийн, гергарчийн, йуьртахойн декъий а дохьуш. И дийна бисинарш санна, могаш, самукъане, дуьне дезаш йуьртах бевллачу нехан декъий. Эвлахь да-нана, йижарий йа зудий, берашший, йа