йезар йитина арабевллачу нехан декъий. Йа шаьш генахь долуш мостагӏчо йагийна чим биначу йуьрта боьрзура. Шайн доьзалеххий, безачеххий хилларг цахааро кийра шийла ша а буьллий.
Кхана, йа цхьа сахьт даьлча а, шайх хӏун хир ду а ца хууш.
Хӏетте а, тахана санна, дегнаш духий ца хуьлура уьш. Дера-м хуьлура, лоьмаш санна, амма дегнаш духий ца хуьлура. Хӏор а бекхам эца лаарх вуьзна. Даймехкан лаьтто ницкъ лора царна. Тахана церан йурт йагийча, оцу овкъарш тӏехь кхана йуха а цӏенош дугӏура цара. И йуькъа хьаннаш, сийна раьгӏнаш, лекха лаьмнаш, и токхе латта церан ма дара. Церан дай ма бара уьш. Царна цигахь ма вевзара шайн мостагӏ а, доттагӏ а.
Оцу бехачу тӏеман ерчонел ирча ду-кх царна хӏара таханлера де. Муха ца хуьлу, цкъа кхалла рицкъа а доцуш, оцу туьпахь церан бераш, зударий, дай, наной, йижарий хилча. Цомгаш, ӏожаллина эгна ӏохкуш. Хӏорш тӏерабевллачу масех сахьтехь са дӏадаьлларг маса хир ву.
Герз ду, дой ду тӏамехь бахчабеллачу оцу бӏаьхойн. Хӏетте а, ницкъ бац-кх церан и шайна безарш а, шаьш а оцу мецачу ӏожаллех кӏелхьарбаха. Кхузара ког биллал а латта, цхьа а дитт дац цхьа да воцуш. Йа нехан, йа пачхьалкхан доцуш.
Гобаьккхина гонаха кхуьуш йалташ, стоьмаш бу, дажош даьхний ду, ткъа хӏара мисканаш мацалла хӏаллакьхуьлу.
Бехк буй ткъа церан талорашдарх, Мушана тӏелетарх, кхузара дӏабовла цалаарх, даймахке сатийсарх?
Дошлошка, шайн-шайн доьзалшка дерзий, паргӏат хила а аьлла, шайн тоьла йолчухьа дӏавахара Аьрзуй, Маккхаллий.
Цкъа ойла хилира Болатан, царна тӏаьхьа а вахана, туркойн пашица хилла къамел хаа. Цаьршиннан йаххьаш, стенна делахь а, цхьана хӏуманна кхоьлина а гина, тӏаккхахула хоттур ша аьлла, шайн буьне вахара иза.
Кӏордийнера Болатна хӏара туп. Тӏуьна баннаш. Цецах санна, чекхдуьйлура догӏа, мох, хьожа. Тап ша кешнашкара хьожа. Мел гӏертарх а, ницкъ ца кхочура кхузахь цӏано латто. Туьпана йуьстаха хьаштана ца эхалора бераш, цомгашниш. Довхачу дийнахь къаьсттина чӏогӏа хуьлура хьожа. Мезаша а лаьттара дойъуш. Дӏасадовла, самукъадала меттиг бац. Дуьненах а догдаьккхина хӏокху туьпо. Велла дӏавалар гӏоли хетара, амма ойла ца соцура цу тӏехь а. Таӏӏийна цхьанхьа лаьттах а