Аьрзуний вовшийн дезар вайна хууш ма ду. Вай кхаанна-м йиша хир йара иза, ткъа – Аьрзуна?
– Ас Делах дуй буур бара-кх шуна, сол дика ваша цунна нанас дена винарг а хир вацарх! – доггах жоп делира Аьрзус. – Йа со къонах вац аьлла, хета хьуна, Маккхал? Йа со оьздангаллех воьхна меттиг хиъна хьуна?
– Хӏан-хӏа, Аьрзу, ас йуьйцург къонахаллий, оьздангаллий йац. Суна дика ма хаьа хьан дог. Амма хьан деган кӏоргехь важа безам бехар бу, денна марсабуьйлуш. Шиннен а… Ашшимма ӏазап хьоьгур ду.
– Цхьа Дела воцчунна сан дагара хуур дац. Йа хӏинццалц а ца хиъна иза.
– И кӏезиг ду.
– Ткъа хьуна хӏун лаьара, Маккхал? – хаьттира Чорас.
– И Эсет кху Аьрзун цӏар тӏе йаккха.
Аьрзун йуьхь, дуьхьал алу тоьхча санна, чахчийра.
– Ахь баккъал бохий иза, Маккхал?
– Боху, дера-кх.
Оьгӏазвахана вехьачу Аьрзун багах дош ца долура.
– Дависарг-йаӏ, и дешнаш соьга аьлларг, хьо а воцуш, кхин велар-кх, – элира цо эххар а оьгӏазе. – Цуьнан мотт озийна схьабаккха. Ахь-м со Шахьбел а лахаваьккхи. Баркалла хьуна, Маккхал!
– Суна хетарехь, Маккхал бакъ ву, – гӏо даьккхира Чорас, Аьрзу оьгӏазваханийла а хиъна. – Нагахь Эсет реза йелахь, дича тарлуш хӏума ду иза. Мел-мухха делахь а, кху гаттехь вайца цхьаьна ӏен а, некъ бан а аьрха хир ду Эсетна. Ойла йел ахь, Аьрзу. Шуьшинна вовшийн дезийла, дуьненна а бохург санна, хаьа. Дала цхьана кхолламна схьахьажийна иза. Хьуна хӏусамнана а, тхуна нус а хир цунах.
Маккхала долийнарг даггара къобал а деш, ша дош ала там ца хеташ, ладоьгӏуш лаьттара ӏела.
– Хьуна хӏун хета, ӏела? – цуьнгахьа вирзира Маккхал.
– Кхушиннан барт тайна, и гӏуллакх нисделча, хӏара дерриг дуьне сайн хетар дара-кх суна.
– Делахь, Аьрзу, тхуна луург дан деза ахь, – хадамбира Маккхала.
– Кӏентий, ас лечкъа ца до сайна иза йезар. Цунна со везийла а хаьа. Охашимма вовшашка сатуьйсу шийтта-кхойтта шо ду. Амма цуьнан аьтто боьхначу йукъах пайдаэцнарг хирий-те со? Цу тӏе, хӏинцца кхо бутт бен ца кхаьчна Гати кхелхина а…
Тӏе гӏовтал а йуьйхина, коьртах башлакх а хьарчийна арайаьллачу Эсета чубийхира уьш.
Шолгӏачу дийнахь, шаьш новкъа довлале, Тарам а, Мӏаьчиг а тешаш хӏиттош, Эсет Аьрзун цӏар тӏе йаьккхира Маккхала…
Кавказан Наместнико, Кавказски