Эскарийн Коьртакомандующис, инарла-фельдцейхмейстро, Цуьнан Императорски Локхалло Воккхачу эло Михаил Николаевича тӏеман министре Милютине деллачу рапорта тӏера.
№ 1874. 28 декабрь 1865 шо
«…Кхалхар доладале хьалха Портас биначу тӏелацамца, вайн дозанашна гергайолчу пашалыкашка нохчий дӏатарбойла йацара. И тӏелацам цхьа сиз а ца талхош кхочушбар вайна мел доккхачу маьӏне ду хууш а, туркойн администраци шина правительствон хиллачу бартаца цадогӏу гӏуллакхаш лело гӏертахь а аьлла, кхузара вай дӏахьийсо партеш Анатолехь дӏанисйарна тӏехь тергам латто Портас бина тӏелацамаш нийса кхочушбар туркойн ӏедалера леха бакъонаш а йелла, кхалхоран йуьххьехь тӏеман комиссаран бакъонаш кара а йелла, Генеральни штабан капитан Зеленый Турце хьажийра ас.
Ас ла ма-деггӏара, туркойн ӏедалан ша бина тӏелацамаш кхочуш ца бан ойла хилла, вайн дозанашна гергахьа соьцу нохчий цигара дӏабаха цхьа а тайпа гӏулч ца йаьккхира. Туркойн администраци Ванний, Мушаний гондӏа ӏен лууш болу нохчий цигахь бита гӏертийла хиъначу капитано Зеленыйс кхалхийнарш дӏатарбарна тӏехь куьйгалла дечу туркойн комиссаре Нусрет-паше июль баттахь сацамболлуш дӏахьедира, уьш, цигара дӏа а бахий, барт бина ма-хиллара, Диарбекирна а, Эрзинганна а дехьа дӏатарбе аьлла. Оцу хьокъехь шаьшшимма вовшашка йаздинчу кехаташка, хиллачу къамелашка ладоьгӏча, капитанна Зеленыйна хиира центральни правительствос Нусрет-пашина йелла инструкци вайца хиллачу бартаца йогӏуш цахилар, нохчашна магийначу меттигашна йукъара йа Ванан а, йа Мушан а пашалыкаш оцу инструкцица дӏайаьхна цахилар. Меттигерчу ӏедалшна а, комиссарна а хьалха ша хӏитто лехамаш кхиам боцуш буьсийла хиъначу капитано Зеленыйс телеграфца и гӏуллакх Константинополерчу вайн векале дӏахаийтира. Шайн комиссаро дӏахьо некъ шаьш къобал ца бо Портас моттийтинехь а, шина правительствона йуккъехь хилла барт нийса кхочушбар чӏогӏа тӏедуьллуш, Лакхарчу визиран цӏарах цуьнга омра динехь а, амма нохчашна шаьш билгалйинчу меттиге уьш дӏабига уггар аьттонан цхьа бутт хан хӏумма а ца деш йахийтира цара. Цунах пайда а эцна, нийсса ах гергга нохчий Мушана гонаха