Дерриш а карладуьйлура… Дерриг а дуьхьалхӏуьттура. Да, нана, йижарий, вежарий, доттагӏий, нийсарой, бӏаьхаллин накъостий. Тӏамой, мацаллой хӏаллакбина зударий, бераш. Царах хӏораннан а гӏаларто ӏелех бехкбоккхура.
«Тӏаьххьарчу вешех ваьлча, хьо цхьá вуьсу хӏунда моьттура хьуна? – хезара цунна цхьанхьара гушвоцчун аз. – Мила ву дуьненахь цхьалха? Нахана хиллачу диканехь, вонехь дакъалаца стогалла, тешам а боцу кӏилло, йамартхо ву-кх. Амма къонах цхьá вац. Дуьненахь мел долу догдика адамаш дерриш цуьнан йиша-ваша ду. Ткъа кӏилло, йамарт, стешха стаг – иза, ворхӏ вешин ваша велахь а, цхьá ву. Кхетий хьо, ӏела? Йухаверза!»
«Тхан чӏир йекха къонахалла а ца тоьъна, воьду хьо? – хезара зударийн, берийн белхарш. – Атта ду, тарха тӏера чу а иккхина, вала! Мостагӏех бекхам эца, къийсаман некъ чекхбаккха къонах веза. Кӏилло! Кӏилло!..»
«Хьажал схьа, оха ӏожалла тӏе муха эцна? – чевнаша дерина шайн догӏмаш оьхьура тоххара вукху дуьнена бирзинчу цуьнан бӏаьхаллин накъосташа, къеначу тӏемалоша. – Дицделла хьуна, оха ӏожалла тӏе муха эцна?..»
«Хӏан-хӏа, иза сан кӏант вац, – цкъа гучу а даьлла, дуьхьал куьйгаш туьйсуш, мархашлахь къайладелира цуьнан ден гӏаларт. – Сан цӏийх хила йиш йац иштта осала, кӏилло кӏант…»
«ӏели, сан жима ӏела, хьо мича вогӏу?! – нана хьалхалелхара цунна. – Ца го хьуна дуьненах марзо оьцучу бевллачу хенахь заманан халалло хеназа кхалхийна хьайн йижарий? Ца го хьуна шуна болчу сингаттамо къиза йийна со? Тхан чӏир йекха къонахалла-м ца тоьира хьан, вайн цӏенна эхь мукъа ма дехьа. Айхьа дагалаьцнарг ахь чекхдаккхахь, ас баийна накха хьарам бу-кх хьуна! Йухаверза, ӏела, йухаверза…»
«Вийна со цӏа валийначу дийнахь сан вуьрхӏитта шо а ца дуьзнера. Хьан ткъе дейтта ду. Хӏетте а, воьхна, кхеравелла, хьаьдда вогӏу хьо. Хӏан-хӏа, ӏела, сан ваша вац хьо!..» – элира цӏийша а вуьзна гучуваьллачу Лоьмас.
«Ас ӏийшинчу халонийн эзарлагӏа дакъа а ца гина хьуна! – Лоьмина дуьхьало йира ӏелас. – Ахь цхьана шарахь бен ца бина тӏом, ас – йалхитта шарахь! Хьо шолгӏачу чевнах велла, суна тӏехь уьш исс йу! Хьо вайн дена тӏаьххье велла, ткъа ас шу массеран а ӏожаллин къахьо мелла.