Со-м адам дай, кхидӏа садетта ницкъ бац, хьере хилла!»
«Саца, мича воьду хьо?! – Аьрзун омране буьрса мохь хезира цунна тӏаьххьара а. – Цхьа сахьт хьалха ас хьайга дина весет ма сиха дицдин ахь? Маршо йа ӏожалла бохург-м, маршо йаккха ницкъ ца тоахь, бердах а эккхий, ле бохург даций, ткъа герз карахь къийсамехь вожа бохург ду. Хезий хьуна, ӏела? Маршо йа ӏожалла! Вайгарчу бохамна бехкечех бекхам ца оьцуш, суна дуьхьалван пурба дац хьуна, ца аьллера ас хьоьга? Ткъа хьо… атталла со лаьтте а ца кховдош, суна тӏаьхьа сихвелла…»
Цӏеххьана саметтавеана, сецначу ӏелина ша цхьа бӏе аьрша лекхачу бердан йистана кхо гӏулч генахь карийра. Чухьаьжначу цунна кешнашна аьхкина гу а, лахо ӏина йисте охьадехкина декъий а гира. Цига хьийзаш бара бес-бесара духаршца, амма цхьатерра беркъа масех къомах божарий а, зударий а. Хӏинца дӏатийнера зударий. Ца хезара тийжарш, цӏогӏане маьхьарий а. Гӏара-гӏовгӏа йоцуш, тийна байъинчийн декъий лаьтте луш дара адамаш. Хӏан-хӏа, ӏела цхьаъ вацара оцу дийнахь, везачух къаьстина, бӏарзвелла хьийзаш. Аьрзус ма-аллара, и дуьххьара йа тӏаьххьара а вацара вешех къаьстина… Масане хир ву царалахь тӏаьххьара висина ваша, йиша, доьзалхо дӏавуллуш. Амма тарха тӏе хьалаваьлларг цхьа ӏела бен вац. Хӏинца иза ша а ца тешара ша дагалаьцначух. Кхо гӏулч теснехь, бердах оьккхура иза, тӏаккха иза, лахьо даьӏахк йоцуш, ваьржар вара.
Эзарза ӏожалла эшийна, дийна воллушехь жоьжахате веана, маьхьшаре гина, сиртан тӏех ваьлла ӏела ле, бердах а иккхина? Ой, иза зуда-х йаций? Зуда хӏунда хьехайо? Зудчо а мичара дийр ду ишттаниг! Иштта лечу стеган цӏе йан а йац!
– Аьрзу! Со йухавогӏу хьуна! – мохь туьйхира цо, лаха чу а вирзина. – Маршо йа ӏожалла!
Лаха чувоьссича, цхьана йукъарлахь иза тӏеӏоттавелира, деттачу цӏийлахь, тӏехула йоьза мозий хьийзаш, меженаш йаржийна аркъал ӏуьллучу шен ненах а хьерчаш, шийла мохь хьоькхучу дерзиначу жимачу берана.
Ӏела гучуваьлча, ши куьг хьалха а кховдийна, дуьхьалхьаьдда иза, цуьнан настарех хьаьрчира. Цуьнан баьллачу, модаша буьзначу коьртах куьг а хьаькхна, йоӏ хьаьстира ӏелас.