– Курра корта айба! Майрра ког шаршабе, нохчийн йоӏ!!
… Цул тӏаьхьа шо даьлла. Амма мел дукха хийцамаш хилла оцу цхьана шарахь! Оцу буса клубехь хиллачех дикка нах дийна бац. Велла хӏетахь Зануца хелхаваьлла жима стаг а. Йуьртарчу куьйгалло а, ӏабдул-ӏаьзима а бохург ца хилира. Цхьаннен а ницкъ ца кхечира нахе шайн махках догдиллийта. Цара цуьнга сатуьйсура дийнахь а, буса а, набаро дӏатебича, гӏенах а, ӏожаллина тӏаьххьара сауьйзучо а. Шаьш тахана-кхана цига йухадоьрзур ду моттаро а, цамгарша а уьш ца битира кхузахь бахам вовшахтоха а, кхоччуш болх бан а. Тергал ца дира тӏехь цӏенош дан а, беш кхио а колхозо шайна къастийна латта а. Ца кечйира тӏедогӏучу ӏаьнна йагориг а. Хӏун до къахьегна? Тахана-кхана уьш-х дӏагӏур бу шайн дай баьхначу, церан цӏийца хьандинчу, шаьш бинчу, кхиъначу махка…
Оцу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна, нохчашна-м хьовха, оцу йуьртахь дехачу дерриге адамашна а везавеллера ӏабдул-ӏаьзам. Гӏийлачун дог оьцура, оьшучунна, дас санна, хьехар дора, гӏо эшначохь дӏахӏотта даим а кийчча вара. Хӏун дара а хаац, махкалло, мацалло адам гӏелдинчу оцу шарахь, цкъа а дегӏах цамгар ца хьакхалуш могаш лаьттира иза. Хала дара цул къинхетаме, догцӏена, оьзда стаг кхин хир ву ала. Массо а адамийн гӏиллакхе верзарх догдиллина галваьлла стаг а, цунна хьалха хӏоьттича, эхь хетий, ша мича оьккхур ву ца хууш, гатлой хьаьвзара.
ӏуьйранна хьалххе хьала а гӏоттий, араволий, иза, дӏайаханчу буса велла дӏаволла везаш стаг вуй хьожуш, хӏораннан керта хӏуттуш, хӏор а доьзале хаза дош олуш, чекхволура. Тӏаккха колхозан балха воьдура. Балхара цӏа вогӏуш, хӏор а денна иштта цхьацца серийн цӏов а бохьуш вогӏура, тӏаккха буьйсанна серагех тускар дора. Уьш цхьадерш цуьнгара колхозо, къинхьегаман денош а йаздеш, дӏаоьцура, цхьадерш йуучух хуьйцуш йа бахархошна дӏалора, амма, дукхахьолахь, кегий тускарш а дой, кегийчу берашна совгӏатна дӏалора.
Воккхачу стага доккха дакъалоцура йукъараллин дахарехь. Йуьртан а, колхозан а куьйгалло цуьнгахула гӏо дора гӏаддайначийн, байшна, доьзал белла бисинчу баккхийчу нахана а. Массанхьа а кхочура и кхузткъе пхийтта шо хенара догдика воккха стаг, амма нахана иза цкъа а гӏелвелла, гӏайгӏане воьжна ца гинера.