Ткъа бала воккхачу стеган кийрахь алсам бара массерачул а. Амма цуьнгарчу балин теш вацара, и тӏулган лаьмнаш а, ӏаьржа буьйсанаш а, цуьнан цӏийнан дерзина пенаш а, жима Берса а воцург. Шен устазна тӏаьхьа а хӏоьттина, Советан ӏедалехьа къуьйсуш тӏом бинера цо. Амма оцу ӏедало, ша кога хӏоьттича, 1933-чу шарахь, лаьцна, Сибрех бархӏ шо хан а йаккхийтира. Дийнахь ша балхара ваьлча, серийн цӏов баккха лаьмнашна йуккъе хьалавоьдура иза. Оцу хенахь лаьмнашца шалхабуьйлуш бекара цуьнан назманийн гӏийла мукъам, шатайпа исбаьхьа аз. Мотт ца хуучу тӏулган лаьмнашка цо доьхура, генахь дисинчу, шаьш санна, тӏулган лекхачу Кавказан лаьмнашка маршалла далар, шех къастийна шен гӏийла доьзал – нохчийн халкъ цадицдар. Цигахь ша висича, цунна хеталора оцу лаьмнаша шеца цхьаьна мукъам бо, ткъа тӏулгаш тӏехула шабаршца охьауьдучу шийлачу шовданаша шен кийрара бала дӏаоьцу.
Буьйсанна Берса набарна охьавижжалц Далла гӏуллакхдеш, хуий ӏай, цунна наб кхеттий а хьожий, тӏаккха шен дагна маршо лора цо. Ши бӏаьрг а хьаббой, цхьана куьйга корта а лоций, шен назманан мукъаме терра дегӏ а техкош, иза кхойкхура генахь бисинчу Даймахке, цигахь дисинчу дай-нанойн кешнашка, Деле къинхетам боьхура холчахӏоьттинчу шен жимчу халкъана. Амма цо цкъа а цӏе ца йоккхура шех къаьстина, мичахь бу а ца хуучу шен доьзалан, къеначу йижарийн, вежарийн. Иза ца кхоьрура ӏожаллех, амма иза кхоьрура шен ӏожалла, каш даймахкана генахь хиларна.
Ткъа мискачу Берсега мел ойланаш йойтура цо. Йургӏанна кӏел таьӏна, цуьнга ладоьгӏуш, кӏантана карлайолура вина йурт, нанас бина йижарий, ша дукха левзина меттигаш, нийсарой. Мичахь бу-те уьш берриге а, гур буй-те цунна уьш цкъа а? Къена да а велла, хӏокху хийрачу нахана йукъахь висахь, цо хӏун дийр ду-те…
Хоттах къехкаш, шена хьалха лаьтта вогӏавелла вогӏучу воккхачу стагана ца гора некъа йистехь хӏоьттина лаьтта ши зуда. Цаьршинна хезара воккхачу стага ша-шена меллаша бечу мукъаман аз. Хӏинца а иза мукъавалаза вара лаьмнашкахь шен коьрте йиссинчу ойланех. Амма, шина зудчух бӏаьрг кхетча, цуьнан сийна ши бӏаьрг бекхабелира, хьаьрсачу мекхашна