тӏе куьг а хьаькхна, цхьа а талхаза цӏеначу, кӏайчу цергийн ши могӏа гучу а боккхуш, догдика велавелира иза цаьршинна.
– Хӏан-хӏа, йижарий, муха ду шун гӏуллакхаш? Бераш могаш дуй? Хӏусамаш шийла-м йац? Дукха гӏаддайний шун? Собаре хила шу. Хӏинцца тӏекхочур йу бӏаьсте. Тӏаккха шортта баа нитташ хир бу. Уьш дӏабовлале, царна тӏаьххье кхин рицкъа а тӏедогӏур ду. Дӏадаханчу шаро-м ӏехийра вай, амма хӏинца ӏехалур дац. Кхаъ бу шуна! Цӏенош деш вайна гӏоьнна ахча лур ду пачхьалкхо. Цул сов, хӏор а доьзална цхьацца йетт а ло. Иза билггал бакъду. Районера цӏа йогӏучу йуьртдас хӏинцца дийцира соьга иза. Ткъа и зуда цкъа а харц ца луьй. Бежнаш вешан божалахь долуш санна, паргӏат хила мегар ду вай. Ткъа бӏаьсте ма-йоллура, вешан бошмаш а йуьйр йу. Хӏинца-м хаьара вайна, кхузара латта муха лело деза! Колхозан болх а бийр бу. Бошмаш йийна девлча, цӏенош а дугӏур ду. Хӏаъ, маьӏӏаргонна дицлора-кх суна. Пачхьалкхо вайна луш долу кхачанан сурсаташ алсамдаьхна. Гур ду шуна, цхьа-ши шо далале, вай, вешан вархӏий ден ца хилла бахам а болуш, даха охьаховшуш! Ирс хуьлда шуьшиннан, Дала дукха йахайойла шуьшиъ!
Ши зуда шена некъ буьтуш сецна моьттуш, цаьрга и тӏекаре а йина, тӏехваьлла дӏаволавелира воккха стаг.
– ӏабдул-ӏаьзам! – тӏаьхьа мохь туьйхира Хелипата.
Воккха стаг, саца а сецна, йухахьаьжира.
– Делхьа, лакха ломан чӏожара ара ма-веллинехь долчу ӏандагӏна тӏе кхаччале велла ӏуьллуш ву-кх тхан эвлара Аюб. Цунна хӏун де-те вай?
ӏабдул-ӏаьзаман гира серийн цӏов меллаша шершина лаьтта бахара. Цӏеххьана кхоьлира йуьхь. Хӏун дара-те къонахчун йуьхь тӏе гӏайгӏане марха теснарг? Дийнахь сарралц болх бина, кӏадвелла цӏа вогӏучу цуьнан къеначу дегӏо мало йора-те йуха лома хьалавала, велла стаг цӏа вало? Йа шен нийсарг новкъахь, воьдуш лаьтташехь, ӏожалло лацаро шен а ойла йайтира-те цуьнга? Шина зудчунна хетарехь, и гӏайгӏане вожийнарг оцу шиннах цхьаъ дара, амма и шиъ гена йара бакъдолчунна тӏекхиа.