C·TchétchèneКхолламан цхьа деАбузар Айдамиров45487 mots · page 70 sur 117– Къахетаре догдоху ахь? – кӏоршаме цуьнга хьаьжира иза.– Ца го хьуна, халахетта цаьршинна.– Вай хазахеташ лела?– Церан бехк ма бац иза…– Хаьа суна а. Хьо ма хьехар дала хӏоьтти. Цул, чӏеӏа а ца чӏеӏаш, хьайн мерах пхьош хьакха.