Ца хаьара йуьртана гонах ха хӏоттийнийла а. Йуьртах аравала гӏоьртинчунна топаш тоха аьлла, омра дуйла а. Ткъа ӏуьйранна оцу ханна тӏенисделла Айзан, Хьамид, Хьасан а ца кхийтира салташа оьрсийн маттахь «Саца!» «Йухаверза!». «Тоьпаш туху хьуна!» бохуш деттачу маьхьарех…
Лоьмин логе шад хӏоьттира. Цхьадика, бӏаьргаш чу хин тӏуно-м ца йуссура.
Хьанна моьттура, иза хир ду. Йуьртахь лаьтта салтий, берриге бохург санна, бевзара Лоьмина. Царна йукъара цхьаболу бӏаьхой, Лоьмел цхьа-ши шо бен баккхий боцуш, кегийраш бара. Церан чӏогӏа доттагӏалла дара йуьртарчу шайн нийсаршца. Уьш цаьрца цхьаьна ловзарга а, синкъераме а оьхура. Нохчийн сискал а, салтичун паек а йоькъуш йуура. Лоьмин когара ботинкаш а ма йу цуьнан доттагӏчо, къоначу лейтенанто, цунна совгӏатанна йелла. Оцу догдикачу адамийн цхьана ӏуьйранна шайн доттагӏий цӏийнах а, махках а баха дийзира…
Уьш дерриге дагадаьхкича, логе шад хӏутту Лоьмин. Дависарг, ницкъ белара цуьнан, хилларг-м хьовха, таханлерниг а цхьаьна дерриге а дицдан. Синтем бац йа дийнахь а, йа буса набарха а. Бус-буса гӏенах дуьхьалхӏуьттту хьоме даймохк. Амма цуьнца цхьаьна дуьхьалхӏуьтту и ирча къематде а. Самаваьлча… Цул хӏумма а сина лан атта йац тахане а. Хало. И йерриге хало а, мацалла а йицйеш долу даймахке мерза сатийсар…
«Иштта хила ца везара со оцу кхаа кӏантаца, – ойла йора Лоьмас. – Жима велахь а, Берса бакълоь».
Лоьма схьавирзича, цуьнан йуьхь тера а йацара цхьа масех минот хьалхалерчух. Йайнера цунна тӏера аьрхалла а, цкъацкъа гучуйолу къизалла а. Иза цхьана луьрачу чевно ӏийжочу дархочух тера, озийна, йахйелла, хаба а хебна гора.
Вист ца хуьлуш шен метта цӏера улло охьа а хиъна, дехьа лаьтта дечкан мохь, дӏакхевдина, шена тӏе а озийна, цунна тӏе дӏа а тевжина, ши бӏаьрг хьехан тховх буьйгӏира цо.
– Юра, тхаьш схьа хӏунда далийна дийца хаац суна, – элира цо, эххар а.
– Цундела цунах лаьцна сан дийца хӏумма а дац. Арахь тӏедетта догӏа саца гена ду. Иза саццалц ӏахь, дикка ӏан дезар ду вайн. Цундела, вайна хан йацйалийтархьама, шуна лаахь, ас дуьйцур ду тхаьш махках даьхначу дийнах лаьцна доцца.