Товханахь кху тӏаьххьарчу дийнахь-буса цӏе ца латийнера. Схьахетарехь, цӏе лато дечиг хилла хир дацара. Цӏенкъа дуткъа чкъор деш ча а даржийна, оцу тӏе тесна цӏена къорза истанг а, кенийн гӏайба а, баьрччехь дӏалеӏна шиъ боьзан йургӏа а, дуьххьехь хӏоттийна гай чу таьӏна цӏестан кӏудал а, тас а, гӏуммагӏ а дара. Тесахь кӏеззиг хи а дара. Схьахетарехь, ӏуьйранна ламаз эцча дӏакхоссаза дисинера иза. Ши-кхо кхийра кад а, дечкан ӏайгаш а дара терхи тӏехь. Кхин бахам бацара гуш.
– Хӏусамнана йеллачу хенахь, хаза куз бара хӏокхеран, – элира ӏабдул-ӏаьзама ойлане. – Йуучух боьхкина хир бу мискано.
Дакъа цӏа чу а деана, истанга тӏе охьадиллира цара. ӏабдул-ӏаьзама, тӏе а вахана, кӏудал дӏасаластийра. Иза йаьсса йара.
– Сарыбай, шуьшинна болх ло ас, – вист ца хуьлуш, дехьо лаьттачу шина воккхачу стагана тӏевирзира иза. – И шун кхазан олу боккха йай беза хи дохдан. Цхьанхьара карабай, ара дӏа а хӏоттабай, и буззий хи дохде. Хи дан хӏара кӏудал йу шуна. Дечиган гӏайгӏа а бе. Хӏокху кертахь чӏеш дац. Хьо соьца дӏавола, ӏалха.
ӏабдул-ӏаьзаман цӏахь берриг гӏирс бара велларг лийчо. Цо ша леррина кечдина дакъа тӏедуьллу у а, миччара даьхнехь а, сабанаш а, ша кӏадинах тегна каранаш а, стаммий, луьста цергаш йолуш маӏанах йина коьртах хьокху гӏиргӏазойн йехк а.
И гӏирс бохьуш йухавеъча, Аюбна тӏера бедарш дӏайаха вуьйлира и шиъ. Амма уьш дӏайохуш дукха къахьега а ца дийзира. Дерзинчу дегӏана тӏейуьйхина чу бамба буьллуш аьхна тужурка а, хеча а, когахь тиша неӏар-мачаш – и дара дерриг веллачун духар.
– Хӏинца, Делан дуьхьа, хӏара Аюб лийчор ву-кх вайша, – элира ӏабдул-ӏаьзама, азделла, массо даьӏахк тӏейаьлла дакъа уьнна тӏе а диллина.
ӏалхина хаьара ӏабдул-ӏаьзама велларг лийчош йехк хӏунда лелайо. Хӏара таханлера болх денна бохург санна бан безачу ӏалхина дукха гинера модаша а, мезаша а дуьзна декъий. Мезий хуьлура коьрта тӏехь, цкъоцкъамашна, можана, мекхашна йуккъехь а, чу-кӏелахь, чо мел баьллачохь. Уьш, и йехк хьоькхуш, дӏадохура, цунах а гӏуллакх ца хилча, цхьацца йолу меттигаш уьрсаца йаша йезаш нислора.
Цхьадика, Аюбан дакъа оццул ирча дацара. Ша мел мацалла вон хьоьгуш хиллехь а, ламазна дегӏ цӏена лелийнера цо.