– Дуьненахь адамашна лело сийлахь а, хала дерг – оьздангалла йу. Дегӏан а, син а оьздангалла. Ша мацалла мел доккха ӏазап хьегнехь а, дегӏан а, син а оьздангаллех ца вухуш, Далла дуьхьал ваха хӏара. Цхьаьнгге а шегара бала ца балхий, цхьаьнгге а йеха а ца ваха, цхьаннен а рицкъанна тӏе куьг а ца даьхьи. Дегӏ цӏена а лелий, ламаз-марха а ца дити. Миска, цхьанхьа шен йийбарх цхьа хӏума а йоьхкина, и цхьа кад хьаьжкӏаш йохьуш вогӏуш, кхелхина. Дала гечдойла хӏокхунна!
– Кху чохь йисинчу хӏуманашна хӏун дийр ду? – хаьттира ӏалхас. – Кхузахь хӏокхуьнан гергара стаг а ма вац?
– Цхьа аьтто боц-боцчарна хӏокхунна а, доьзална ? тӏера сагӏина дӏалур йу-кх.
Лийчийна дакъа истанга йукъа а хьарчийна, боккхачу меха тӏийриг йоьллина, гена-гена маха а боккхуш, истанган йистош дӏатийгира ӏабдул-ӏаьзама.
– Хӏан, Аюб кийча ву-кх хӏинца. Хӏара ӏазап хьегна ваьлла декъала да а ву. Сарыбай, салаз уьйтӏа озайел!
…Тезет, кадам… уьш дӏадевллера хӏокху тӏаьххьарчу масех баттахь. Веллачунна Къорӏан дешар, зуькардар, сагӏадаккхар а дагадогӏучохь а дацара. Хӏинца хӏара Аюб санна, лийча а вой, истангна йа йургӏанна, йа одеялна йукъа а хьарчавой, шина-кхаа стага дӏахьой, дӏавуллура. Гӏо дан и ши-кхоъ стаг воцуш, зудчо – майра, нанас – бер, йишас – ваша, берийн гӏоьнца, йа ша салахь тӏехь, йа ги а тухий, йа лами тӏе а вуьллий текхош кешнашка а вуьгий, цхьа ах метр кӏорга каш а доккхий, тӏехь йеса а, заӏам а ца доьшуш, белларш дӏабухкуш меттигаш дукха нислора гондӏарчу йарташкахь.
Хӏара ӏабдул-ӏаьзам дӏаваьлча, хӏокху Покровкехь болчу нохчашна а изза хир ду.
Хьалххе кхуза веанчу ӏелас а, Межеда а, Мусас а цхьа метар кӏорга каш даьккхинера.
Кошан коьрте йоьгӏначу дечигна тӏе Аюбан цӏе йазйира. Цуьнан ден цӏе цхьанне а ца хаьара.
Тӏаккха ӏабдул-ӏаьзама, дагахь йеса а, заӏам дешна, доӏа дира.
Хӏокху Покровке нохчийн ткъа доьзал балийна. Хӏинцале кхузахь шовзткъа сов каш ду…
Йуьрта йистехь, кхечарех къаьстина, бо санна, гӏийла го цхьа цӏа. Кӏезиг ча а тухуш биначу поппарх доьттина, цкъа а хьахаза долу цуьнан пенаш гобаьккхина эттӏа, мохана дуьхьало йоцуш ду. Уьш къарздина тӏедиттинчу гӏийн хьокхамаша.