— Цо хӏун боху? – ца кхийтира Шида.
Тӏаккха Айдин, Шидин куьйгаш дӏатеттина халла кӏелхьара велира Чода.
— Ой, аша хӏун до, чермина чохь хичудоьхкина кхораш лоьхуш санна, шайн куьгаш сан бага а доьхкина! – накъостийн карара а ваьлла чӏогӏ хьаькхира Чодас.
— Чода, лозийри хьо, боккъал а? Алахьа! – шозлага а дийхира Айдас, накъоста дуьйцург шена ца хезаш санна.
— Лозийра дера, лоза муха ца во, хьан багара оззийна орамашца цхьана кхела дӏайоккхуш, — хӏинца а и кхела шен йоккхуш санна лозавен йуьхь йира Чодас.
— Муха йоккху лоьро кхела дӏа? – шен кхела йоккхуш санна, Чода санна шен йуьхь лозаваран чӏечӏкъашка а хьош, хаьттира Шидас а.
Муха йоккху? – хӏинцца аша шайн пӏелгаш санна, бага и нана боккха морзагӏ а буллий озайой-озайой йоккху-кх! – хӏинца-м накъосташна хьалха турпал вара Чода.
Ши кӏант ван а вара Чодига хьоьжуш, цо йоккха турпалалла шегара гайтича санна.
— Хьостамий дохуш болу морзагӏ бара лоьро хьан кхела дӏайаьккхинарг? – ца кхеташ хоьттура Шидас.
— Хьераваьлла хьо? – къежира Чода. Цергийн лоьра-м леррина шен морзагӏий ду, цергашйохуш доккха къегина аьчган хедарна чохь цуьнан йоцуш хӏума йац. Тайп-тайпана морзагӏий, мехий, йу санна ира цхьацца кхин а аьчгаш.
— Чода, маха хӏунда оьшу цергйоккхучу лоьрана? Цомгуш хилча бен ма цат уху маха? – хӏумахууш волчу стаге санна хьоьжура Чодига Шида.
— Цкъа хьалха маха туху лоьро цергана улло доьланах, церг йоккхуш чӏогӏа ца лозавайта! Кхийтарий хьо? – везавеш элира Чодас.
Чӏогӏа реза вара и хӏинца ша шен накъостел а коьртаниг хеташ. Ша шех дозалла дарна, вуса а вела вара иза боргӏал санна. Иштта а верстино волу и, хӏинца-м беснеш йуьйсина гуттара а верстина хетара.
— Маха тухуш санна чӏогӏа-м лоа а ма вийр вац, ткъа ца лозавайта муха тухур бу маха? – цецвуьйлура Шида.
— Иза маха тоьхча-м цо йерриге а бесни а техь гӏорийча санна йо, мелл чӏогӏа тӏе хӏума тоьхча а хаалура доцуш, — велакъежира чода.
— Буй тоьхча а хаалур дацара? – ца тешара хӏинца Айда а.
— Хьайна ца лаахь ма теша, хьайн церг йоккхуш хуур ду хьуна, — реза вацара Чода ша аьллачуьнга дуьхьалонаш а ца йеш ла ца догӏарна.
— Сайниг хӏунда йоккхуш йу и? Аса-м ӏуьйрана самаваьлча а, дӏавижале хьалха а цергаш дикка йуьлуш цӏанйо, кариес ца хуьлийтачу цергийн пастица! – шен кӏайн хьалхара цергаш дӏауьйхьира цо накъосташна.