— Аса а цӏанйора, — шех тешна воцуш элира Чодас.
— Цӏанъеш йелахьара кхелаш дӏайахан дезара дацара! – ца вешаш бохура Айдас.
Шида оцу тӏаьххьара Айдас аьллачунна гӏайгӏане вахана лаьттара. Ши накъост-м хӏара тергалвечохь вацара, уьш хӏинца а къийсалуш бара.
— Аса-м цӏанйо цергаш! – чуьраваьллера Чода.
— Цергаш цӏаньйар хӏун пайда бу, хьо мерзаниг дага а йоьгӏна вала воллуш хилча! Бакъ ца лоь со? – хаьттира цо Шидига, цунах шен гӏоьнча веш.
— Айда, суьйрана а цӏанъйан йеза тка цергаш? Хӏунда? – шега дуьйцург ца хезаш хоьттура Шидас.
— Буьйса йеха йолундела! ӏовдал! Цергаш-м хӏора хӏума йиъна ваьлча цӏаньйан йеза! – шена дукха хаарна везавера хӏинца Айда.
И къамел хилла цхьа бутт хан а дӏайелира. Шидина дицлуш дацара иза къамел. И чӏогӏа тӏевирзина цергаш цӏанъеш, хьожура куьзгана чохь, пӏелгашца балдаш дӏаса а ийзош, шен цергашка. И Чодас бийцина морзагӏ а, коьртаниг лоьро тоьхна маха а бара кӏантана дагахь боллург. И ира маха тухитийла ма дацара доьлех!
Амма цхьана ӏуьйрана цергаш а цӏанйина куьзгана хьалха цо хьалхара цергаш пӏелгаца хьанйича, иза воьхна хьаьвзира. Нийсса хьалхара цхьаъ церг мела а малъйалар гуш дара! Ца тешаш кхин а, кхин а хьайира кӏанта и церг, билгала и мела йара! «Хӏинца хӏун хира ду? Лор! Маха! Морзагӏ!» — и инзаре хӏуманаш бӏаьрхьалха хӏуьттура кӏантана.
Хӏинццалца ӏуьйрана араэккхий делкъана мацвелча бен чу ца вогӏуш кхин берашца ловзуш лелаш хуьлура Шида. Ткъа тахана-м чуьра ара а ца велира.
Нанас цкъа-шозза хаьттира:
— Ва, кӏант, хьо цомгуш-м ца хилла? Хьо чу а воьлла ӏаш ма ву?
Амма Шидас дере ца дира шена хилларг. Дере муха до, нанас оцу сохьта вадийна лоьрана тӏе вуьгура ма вара иза. Ткъа лоьро ден дерг-м хууш ма дарий. Морзагӏаш, мехий хьалха а дехкина ӏаш ма вуй иза-м!
Шогӏачу дийнахь селханчул а чӏогӏа цергаш а цӏанйина кьузгана хьалха вахара иза. Церг кхин а чоӏга малъеллера! Кӏант гуттар а чӏогӏа воьхна хьаьвзира, чу волуш, араволуш лелара иза, шена меттиг ца карош. «Лор! Морзагӏ! Маха!» — хьийзара кӏентан коьрта.
Кхозлагӏчу дийнахь кхин а чӏогӏа малъеллера церг!