Вахит Хаджимурадов
Бӏаьсте. Цул хаза хӏума хир дуй техьа хӏокху дуьненчохь? Нагахь хилахь а, иза а хир ду-кх оцу бӏаьстено кхоьллина. Хӏора бӏаьста шен хазаллийца цо цӏиндо дуьненчохь дахар. Массо а адмашна а до цо хьехар: «Цӏиндайша шайн дог, шайн амалш, шайн са а,» — аьлча санна. Ткъа вай шега ладогӏахь а, ца догӏахь а хӏора бӏаьста ца кӏадлуш, дуьне-м цӏиндо цо. Баккхийнарш-м цхьацца шайн бала бадийна хьийзаш кхин шайна гонаха хьовсучохь а ца хуьлу, амма берийн синхаамца къаьсттина уьйр хуьлу бӏаьстенан. Ца хаьа, бераш а шайн дахаран йуьххьехь хилар хир ду-кх и, бӏаьсте а санна. Бӏаьсте а ма йу шеран йуьхьиг, вай керла шо ӏаьнайуккъехь даздахь а.
Иза дара 30 шо сов хьалха, иза йара тхан дахаран йуьхьиг, тхан бӏаьсте. Бераш-м цу хенахь а дара хӏинцалерачех кӏезига къаьсташ. Гонахарчу диттийн гаьннашкахь декачу зевне олхазарийн аьзнашца къуьйсуш дара берийн аьзнаш ишколан йоккхачу уьйтӏахь а, ишколера цӏахецна урамшкахула даьржинчера а. Кӏайнчу басахь кучамаш а, таьӏначу басахь хечеш а йара божаберийн ишколан духаран кеп. Ткъа зудберийн — алла коч, шура санна кӏайн фартукаш. Оцу хенахь йукъарчу ишколан барам итт класс бен бацара. Тхан классан тӏаьххьара ишколан бӏаьсте йара тӏекхаьчнарг, делахь а оцу хенахь тхо-м дацара цуьнан ойла йан кхуьуш. Дукха хаза йара жималла, цуьнца хазалла къуьйсуш бӏаьстенан йалсаманен сурт. Хьанна моьттура и хаза бӏаьсте, и мерза жималла цкъа а кхачалур йу! Жималла, къо-налла-м хӏетте а шовдана хи санна цкъа а кхачалур йац моьттура, тхайн бералла чекхъйаьллий а ца кхетара тхо-м. Къоналла тӏекхачаран билгалло йара кӏентийн къайлах-къулах делахь а, эхьаца доттагӏала доцучеран, деррехь а мехкаршка хьежар а, цхьацца хӏинццалца ца бевзина болу синхаамаш гучубовлар а. Дуьххьара къоначу дегнашна чохь кхоллалун безамаш аьлча нийса-м хир дара, делахь а иштта кӏорга синкхетамаш а бацара ойланашкахь, «безам», «безамаш» боху дешнаш къамелехь кӏенташа а мехкарша а ловзадахь а. Бӏаьстенан хазалланий, къоналлан марзонан чам тобеш тӏехула тӏетоьхна моз санна-м дара и безаман дуьххьарлера тохадаларан хаамаш.