Дахарехь шадерг а санна цхьатерра дӏайекъна-м йацара и адмийн дахарехь уггаре а мерза лоруш йолу дуьненан синъйалсамане. Ден-ненан балхахь болчу аьттоне хьаьжжина, уьш хиларе, цахиларе хьаьжжина, цӏера гӏишлоне хьаьжжина шен къамелан мах хадораш а хуьлура массо а заманахь санна. Ишттачийн «безамаш» боху дешнаш деккъа цӏена дешнаш а хуьлий дуьсуш а нислора. Бакъбезам бовзар а массарна ца деллачух тера ду-кх Кхолламо. Бӏаьстено жима бера аганахь санна техкош, ловзош долчу тхан къоначу кортошкахь мичхьа йара иштта кӏорга ойланаш. Холманчана зурма йекаро санна, бӏаьстено шена тӏаьхьахӏиттийначу тхуна, хӏинца дахаран кӏоргенехь тамашена хетахь а, и зурма сихъйан лаьара. Тхо-м сихделлера даха, тхуна-м хетара хан-зама дукха текхаш меллаша йоьдуш санна.
Со церан классе 9 классехь керла тӏевеъна дешархо вара. Хӏокху тӏаьххьарчу шина шарахь, парташан шина могӏанехь дехьа-сехьа делахь а, вовшен уллохь дара тхойшиъ. Агӏонцарчу бӏаьрсинца гора суна цуьнан сибат даима а, со хьехархочо динчу хаттарна жоп луш велахь а гора. Амма цуьнца бӏаьргашца вовшех кхетча-м со бухбоцчу аймана чу кхоссавелча санна вовра цуьна бӏаьргийн сийналлехь. Оцул хьалха а, тӏехьа а суна кхин гина дац иштта бухбоцуш сирлачу стигалан басахь бӏаьргаш. Цхьа ша тайпанчу хаза сирлачу йоьӏан месаша-м оцу бӏаьргашан холманчаллин йийсар вора, хьуна мел чӏогӏа дуьхьалло йан лаахь а. Лаахь! Ткъа хьуна-м лаан йиш йацара оцу бӏаьргийн айманан йийсарера валан! Бӏаьстенах валалой шен ойланца, лаамца? Дера ца валало! Иштта даиманаллен бӏаьсте йара-кх оцу бӏаьргашчохь. Йара. ӏаьнайуккъехь корах арахь оьгуш даккхийн кӏайн лайн чимаш делахь а, оцу йоьӏан сирлачу бӏаьргашна чохь йара даима а бӏаьсте. Оцу бӏаьргашчохь гора бӏаьстенан диттийн гаьннаш доьттина кӏайн, цӏен, можа заза, оцу зазийн, аренан зезагийн архьаш йара-кх гонаха, маликийн, бӏаьрго ца лоцу, сибаташ санна, хӏаваэхь хьийзаш. Ма ирсен стаг хетара сунна со, ма сайн хӏинцца бен доладаланза долчу дахаран ирхене хьалахьаьдда моьттура со. Дахаран лакхенга!