Амма царах цхьаммо, эрабугӏано санна, ворта а саттийна, чухьаьдда, чоьже буй тоьхна, кхоьссина аркъалвахийтира иза.
– Аш хӏун до, ва станичникаш? Мича бахьанина йетта аш оцу мисканна? Делах мукъана кхера, – мохь оьхура эткаш йухкучун, амма лекхачо, бетах буй тоьхна, аркъал вахийтира иза а.
– Вежарий! Йетта нохчашна!
– Йетта ордина!
– Ата азиаташ! Церан бехк бу, цӏера а даьхна, вай схьадалор!
– Йетта акхарошна!
Шолгӏа тоьхначо синкхетамах ваьккхина ӏуьллучу Янаркъина ца хезира цара хьоькху акха маьхьарий а, ца хаалора, мийраш бетташ, ша хьоьшуш а…
Синкхетаме веача, ша цхьана ца евзачу хӏусамехь карийра Янаркъина. Бӏаьргашна тӏеуззуш, шен хьаьжа тӏе диллина хица шелдина гата хьала а теттина, цӏа чухула дӏаса бӏаьрг туьйхира цо. Хӏокху чохь дерг цунна цкъа а цагинарг дара: хӏара ша тӏехь ӏуьллу лекха гӏовлеш йолу сетта маьнга а, стол а, лекха диъ гӏант а, баьрчерчу пенан сонехь тӏехула гата а тесна кхозу цхьана безамехьчу стеган сурт а. Уллорчу гӏанта тӏехь хих дуьзна доккха йоьзан зока а. Неӏарехь кхозучу бедарш йуккъехь шен чоа а, куй а, неӏарехьа цӏенкъахь неӏармачаш а гира цунна. Верта гуш дацара цхьанхьа а. «Ванах, со мичахь ву-те? – ойла йора цо, шех хиллачух ца кхеташ. – Хӏара гӏенах ду-те йа самах ду-те?».
Корах чуеанчу маьлхан асано цхьа тамехь бохбинера цуьнан дегӏан аьтту агӏо. Оьрсийн йовхачу чоьракан чомехь хьожа а йогӏура. Хьогалла хааелла, хи мала дагахь зоки тӏе куьг кховдо гӏоьртира иза. Цхьадика, аьтту куьг дукха лазоза хааделира цунна.
Кӏез-кӏезиг хӏуттуш, цуьнан кхетамехь меттахӏоьттира селхана хиллачун сурт. Амма муха кхаьчна-те иза хӏокху йаьссачу хӏусаме? Верта а дац гуш. Цунах а хӏун хилла-те? Хӏун хилла-те бохуш а, хоьттий! Оцу хьакхарчаша дӏадаьхьна хир ду-кх. Иза-м дайча а хӏун дара, ахча мукъана а хилахьара цуьнан гӏовталан кисанахь. Хьала а гӏеттина хьожур вара бохург хьехочохь а дацара. Дегӏ ма ду, зоьпарш тоьхча санна, лацаделла. Гӏаттавелча а, хӏусамдай чохь а боцуш, хӏусамехь волавелла лелча а, гӏиллакхе хир ма дац.
Дукха хан йалале неӏарх чоьхьайелира безамехь, ткъе пхийтта шо хенара меташка. Самаваьлла Янаркъа гича, хазахетта тӏехьаьдда, цунна улло гӏанта охьахиира иза.