– Хьо-м синкхетаме веана! Муха ду хьан дегӏ? Дукха лозий?
Шена мотт ца хаахь а, цо хӏун хоьтту, хиира Янаркъина.
– Дика ду. Харшо. Йахши, – цхьа а церг йоцу бага йоккха гӏатта а йина, догцӏена велакъежира иза.
– Далла бу хастам, хьуна гӏоли хилла, – йелхаозийра зуда. – Сой, сан майрий тӏекхаьчча, халла хаалуш садоьӏуш, велча санна, ӏуьллура хьо. Суна-м, хьо велла, моьттура. Верриг а цӏийший, чевнаший вуьзна, ӏаржвелла… Кхераелла, мохь белира сан. Федяс шена гӏодар дийхира. Тӏаккха цой, цуьнан доттагӏчой – оха кхааммо, айъина йуьстах а ваьккхина, хица цӏанвина, извозчик а лаьцна, цӏа валийра хьо. Сийсара буьйса йукъал тӏехйаллалц харцлуьйш вара хьо, кхин синкхетаме ца вогӏуш, наб хьашаелира хьуна. Оцу хьерадевллачу акхароша эрчо йинера хьуна тӏехь. Хьо-м дийна висина. Байъинарш а бу дуккха а…
Зудчо къамел дора, цкъа йелха ийзош, тӏаккха йекхалуш, йукъ-кара шен ховха куьг Янаркъин хьаьжа тӏе а дуьллуш, тӏера йургӏа а нисдеш. Ткъа Янаркъас, цо дуьйцучух ша ца кхетташехь, иза йелаелча, велакъежаш, йелха озийча, кхоьлуш, лерина ладоьгӏура цуьнга.
– Сан цӏе София йу. Со-фи-я, – бохура зудчо, шен некха тӏе куьг а детташ.
– Сопи, Сепият! Нохчийн цӏе йу иза, – воьлура Янаркъа, цуьнан цӏе а йохуш.
– Ткъа хьо мичара ву, дедушка?
Дуккха а къахьегначул тӏаьхьа цуьнан хаттарх кхийтира Янаркъа.
– Гати-Юьртара ву со.
– И цӏе йолуш йурт йуьйцу ца хезна суна. Генахь, лаьмнашкахь хир йу иза.
– Гена йу. Далико.
– Хӏумма а дац, дедушка, карор йу вайна хьан Гати-Юрт. Федяс ша цӏа вогӏуш шеца балхахь волу цхьа нохчо валор ву. Хьамзат йу цуьнан цӏе. Тхан доттагӏ ву иза. Оьзда, хьекъале, дика кӏант ву Хьамзат. Шера оьрсийн мотт а хаьа. Хӏинца митингехь ву и шиъ. Базаран майданахь. Цига гӏалара белхалой а, йарташкара нохчий а – масех эзар стаг гулвелла. Суна а лиира Федяца цига йаха. Хьоьга хьожуш цӏахь ӏе аьлла, йити. Тхойша гӏала деана ма йац дукха хан. Червленерчу гӏалагӏазкхех ду тхо. Латта а, сту-говр а дацара тхан. Ткъа доьзал хене баккха дезара. Диъ бер ду тхойшиннан. Хӏетахь шиъ дара. Пхи шо ду тхойша гӏала схьакхелхина. Федяс нефтан промыслехь болх бо, ткъа ас – бедарш йуьттучохь. Алапа кӏезиг ду тхан. Иза а чомахь кара ца кхочуьйту.