дуьхьал оцу мезийн тӏуьйлигийн ультиматум йохьуш даьхкина шу? Кхин ницкъ боцуш ду шу? Йа кӏилло ду? Йа цаьрца бертахь ду? Сан омрин цхьа хьаьрк аш кхочуш ца йеш йитахь, ас шун йурт а йагор йу, йуьртан коьртехь волу шу пхи стаг Сибрех а вохуьйтур ву!
Галаев, шеко йоцуш, къиза а, бекхаме а стаг вара. Амма хьеший, дуьхьал дош ца олуш, шекбоцуш хӏиттина лаьттара. Царна дика йевзара полковникан буьрса амалш. Уьш хийца дарба а, цуьнан мела меттигаш а хаьара. Цуьнца гӏуллакх тахана дуьххьара ма ца ӏоттаделлера церан. Цундела, шен дог ӏаббалц иза бага йетта а витина, тӏаккха вистхилира оцу кхааннах уггар мекара, дипломатан корматалла йолу совдегар ӏабди:
– Хьан оьздалла, баккъал а аьлча, гатийуьртахойн ницкъ бац хьан омра дуьззина кхочушдан. Хьайн омри тӏехь ахь тӏедожийна ахча вовшахтохалур дац йуьртана, иза кхузза йоьхкича а. Цхьа масех мокхазан топ а, иттех тур а доцург, кхин герз дац йуьртахь. Шаьлта-м хӏора боьршачу стагехь йу. Ахь дӏавоьхучу веа стагах лаьцна цара йаздинарг а бакъ ду…
– Хьайн ваша царна йукъахь хиларна тӏетайна хьо?
– Ца тайна. Шаьш дуьненахь болуш сан да а, вежарий а реза ца хилла Овхьада йуьхьарлаьцначу некъана. Хӏинца со а вац. Тхойша, ши мостагӏ санна, хан токхуш ву. Коьртаниг кхин ду. Тхойшиннан дахаран некъаш тайп-тайпана ду. Иза политик ву, со – совдегар. Наггахь йуьрта вогӏий, дукхахьолахь суна ца гуш дӏавоьду иза. Хьан оьздалла, тахана Гати-Юьртахь хӏоьттина хьал кхераме ду йерриг округана а. Нагахь санна отрядаца хьо йуьрта гӏортахь, цигарчу наха луьра дуьхьало йийр йу…
– Ой! Хӏинцца ву-кх хьо, цаьргахь масех мокхазан топ йоцург, кхин герз дац бохуш. Сан отрядана дуьхьало стенца йан бохку уьш?
– Тоьпаш цахиларх, дуьхьало йан кхин герз карор ду царна. Масала, шаьлтанаш, шаданаш, дагарш, белаш, хьокхий. Тхуна хиъна, нагахь санна Гати-Юрт гӏаттахь, цунна гӏоьнна гӏовтта луларчу йартийн барт хилар. Тӏаккха и ун йерриг а округе даьржар ду. Цуьнан шеко йац. Цул совнаха, тхоьга къайлах хаам кхаьчна, Зеламхин гӏеранах дӏакхетта тхан йуьртара Сулиманов Хьомсуркъа а, Султахьаьжиев Доша а йарташна таӏзарш деш лелачу хьан салташна тӏелата обаргийн а, кхечу зуламхойн а йоккха гӏера вовшахтухуш ву бохуш…