Полковник цавашаре велавелира.
– Со кхеро гӏерта хьо? Оцу сагӏадоьхургех кхераваллал кӏилло а вац со!
– Хӏокху Нохчийчохь массарна а хаьа, хьо кӏилло воцийла. Кхерамах а, зуламах а ларвалар кӏиллолла йац. Хӏокху деношкахь Чӏебарларчу йарташна тӏехь ахь динчу луьрачу таӏзарша а карзахбаьхна нохчмахкахой. Хьуна нийса дерг ала лаахь, хӏара ахь куьйгалла до округ молханах дуьзначу шелигах тарйелла. Цхьаммо тӏе суй кхоссахь, эккха кийчча долчу. И суй Гати-Юрт хиларна кхоьру тхо. Нагахь санна хӏокху округехь мятеж хилахь, хьуна бохам хиларна а кхоьру. Гатийуьртахойн ультиматум йохьуш ца даьхкина тхо. Хӏоьттина хьал ма-дарра хьуна довзийта а, хьо зенах-зуламах ларван а, хьох дагадовла а даьхкина. Пачхьалкхан налог шаьш дӏатокху, боху гатийуьртахоша. Гӏуданаш шайна тӏе шайн бехк-гуьнахь а доцуш тоьхна, уьш такха реза дац шаьш, боху. Йуьртахь долу герз шадерг дӏадала реза бу нах. Ткъа ахь дӏавоьху виъ стаг, и йурт сийначу цӏарах йагийча а, шаьш дийна а долуш ахь дӏавуьгур вац а, боху цара. Ахь мел кхерамаш тийсарх, мел луьра таӏзарш дарах шайн карахь долчул совнаха герз схьадала ницкъ бац нехан. Цундела и айхьа йуьртана тоьхна гӏуда дӏадаккхахьара, йуьртахь долу герз дӏаделча, ахь тоам а бахьара, и виъ стаг ӏедале дӏа а ма вехахьара, хӏара гӏуллакх бохаме ца доккхуш дӏа а дерзадахьара ахь аьлла, дехаре даьхкина тхо.
Полковникан дагахь дерг доьшуш санна дуьйцура ӏабдис. Хӏара гӏуллакх иштта машаре дерзо шена мел чӏогӏа лаахь а, сихха резахилла, царна тӏеверза а ца лаьара цунна.
– Налог схьа маца ло шун наха?
– Кхана делкъале Ведана-округан казне охьайуьллур йу. Ша долу герз а цига дӏадохьур ду оха.
– И шун дош кхочушдийр дуй ткъа йуьртахоша?
– Цхьа а тайпа шеко йоцуш. Цара и дош делча бен, схьа ма ца даьхкина тхо.
– Дика ду. Нагахь санна хӏокху бартах шу дохахь, кхана делкъале шайн дош аш кхочуш ца дахь…
– Дийца а ца оьшу, хьан оьздалла, тхо кхеташ ду. Баркалла хьуна!
– Дала дукха вахавойла хьо! – тӏетуьйхира Хьуьсас.
Цара ца дийцира полковнике налог а, герз а шаьш иттех стага шайн кисанашкарчу ахчанах токхуш хилар а, гатийуьртахоша шаьш кхерор а.
Полковнике куьйгаш а делла, шаьш арадовлуш,