1785–1791-чуй шерашкахь, шайх Мансур коьртехь волуш, болабелла оьрсийн колонизаторшна дуьхьал йалх шарахь шина баттахь лаьттина тӏом чекхбаьлча, тӏаьхьадеана ткъе шийтта шо, йукъ-кара кегий тасадаларш ца дагардича, мелла а машаре хилира.
1816-чу шарахь инарла Ермоловс болийна тӏом 1861-гӏа шо чекхдаллалц – шовзткъе пхеа шарахь – лаьттира.
Ламанан массо а халкъаша – кегийчара а, даккхийчара а – шайн ницкъе хьаьжжина, шаьш ницкъ эшна кӏелдиссалц герзаца турпала дуьхьало йира ӏазап а, лолла а дохьуш шайн махка гӏоьртинчу российски империна. Амма колонизаторшна дуьхьал иттаннаш шерашкахь бахбеллачу оцу тӏеман авангардехь а, коьртехь а кхечу халкъел барамехь доккха а, феодалийн лоллехь доцуш, маьрша даьхна а нохчийн халкъ дара. Шен амалшца къармазечу цо уггар йеха а, дера а дуьхьало йира Россина. Шемалан эскарийн коьрта ницкъ нохчий бара, цуьнан уггар майра, говза, доьналле наибаш а нохчий бара. Нохчийчохь хуьлура оьрсийн эскаршца уггар баккхий тӏемаш, кхузахь бара Кавказски эскарийн коьрта ницкъаш а. Нохчийчу хьийсабора тӏамехь зеделларг долу, тӏеман лаккхара говзалла йолу гӏарабевлла оьрсийн полководцаш а. Нохчийчохь хуьлура оьрсийн эскаршна уггар даккхий дараш а, баккхий эшамаш а.
1842-чу шарахь итт эзар салташца, эпсаршца Нохчмахка гӏоьртина инарла Граббе, цигахь вийна а, чевнаш хилла а 1700 салти а, 66 эпсар а вуьтуш, йухавелира.
1845-чу шеран июлехь, шеца 30000 салти а, 1200 гӏалагӏазкхийн дошло а, 22 йоккха топ а, гуьржийн, хӏирийн, гӏебартойн милици а йолуш, Дегӏастанан лаьмнашкахула къилбехьахула Нохчмахка веана инарла-адъютант эла Воронцов, нохчийн хьаннашкахь вийна 4000 салти а, 166 эпсар а, виъ инарла а вуьтуш, дийна бисинчаьрца ведда, кӏелхьарвелира.
Къилбаседа Кавказехь Россин уггар нуьцкъала а, кхераме а, къармазе а дуьхьалончаш нохчий хиларна, шайн коьрта тохарш Нохчийчоьнна тӏедерзийнчу оьрсийн эскарийн командованис, кхечу халкъашначул дукха а, даккхий а зенаш, зуламаш, бохамаш бинера нохчийн халкъана. Хьалха а, тӏаьхьа а хилларг дагар ца дича а, академика Бержес дийцарехь, 1840–1850-чуй шерашкахь мосазза а йохоза, йагоза цхьа а йурт ца йисинера аренан Нохчийчохь.